Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 10:14 - Делан Йозанаш

14 Хьан Везачу Делан ю стигал а, уггар лакхара стигалш а, латта а, цунна тӀехь мел дерг а.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 10:14
21 Referencias Cruzadas  

Ибрам декъал а веш, цо элира: «Ибрам! Стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Дала декъалвойла хьо.


Амма Ибрама Седаман паччахьна жоп делира: «Везачу Элана, стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Далла хьалха дӀакховдийначу куьйгаца чӀагӀо йо ас,


Амма, бакъдерг аьлча, Ӏойла а дуй те Дела кху Лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хӀокху ас дӀахӀотийначу Хьан цӀа чу-м тарлойла а дац.


Амма бакъдерг аьлча, Делан Ӏойла а дуй ткъа адамашца кху лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хӀокху ас дӀахӀоттийначу Хьан цӀа чу-м тарлойла а дац.


Хьо – Веза Эла ву! Хьо бен, цхьа а вац! Ахьа стигалш а, царна чохь мел долу седарчий а кхоьллина! Уггар лекха стигалш а, царна чохь мел болу ницкъаш а кхоьллина Ахь! Ахьа латта а, цу лаьтта тӀехь мел долу хӀума а кхоьллина! Ахьа хӀордаш а, цу чохь мел долу хӀума а кхоьллина. Массо а хӀуманна дахар а делла. Стигалара ницкъаш а Хьуна Ӏибадат деш ду!


Цуьнан багара араюьйлуш цӀе ю, суйнаш дӀаса а детташ.


Хаставейша Иза уггар лекхачу стигалша а, иштта хӀаваан тӀехула долчу хиша а.


Даудан назма. А са Хьоьга хьалакхийдадо сайн са, Веза Эла.


Суна чохь цӀена дог кхоллахьа, Дела, суна чуьра тешаме са карладаккхахьа.


ГӀело хьегначарна иза гур ду, церан самукъадер ду. Дела лоьхуш дерш, шун дегнаш денлур ду.


Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугӀуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхӀар хир ду, хӀунда аьлча дерриг а Латта Сан ду.


Мусас цуьнга элира: «Ас, гӀалех ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш а айина, доӀа ма-диннехь, стигал а къекъар яц, къора а соцур ю. ТӀаккха хуур ду хьуна латта Везачу Элан дуйла.


Везачу Эло иштта боху: «Стигал Сан Ӏарш ю, ткъа латта Сан когийн кӀело ю. Аша мичахь дийр ду Суна цӀа? Сан садоӀу меттиг а мичахь хир ю?


Дуьне а, цу чохь дерг а кхоьллина волу, стигалан а, лаьттан а Эла волу Дела куьйга динчу цӀенош чохь Ӏаш вац.


Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Латта а, цу тӀехь мел дерг а Везачу Элан ду».


Амма цхьаммо и юуш ерг цӀушна сагӀина еанчух ю алахь, тӀаккха шайга и аьллачун дуьхьа а, деган паргӀатонан дуьхьа а и юург ма яа.


Суна Дала леррина Къобалвинчуьнца волу цхьа стаг вевза. Дейтта шо хьалха, (дегӀаца я синца ваьккхина ца хаьа суна, иза Далла бен хуур дац) и стаг кхоалгӀачу стигала хьалаваьккхина хилла.


Цунна лаьа ас тахана хьайна тӀедуьллуш долу Везачу Элан весеташ а, парзаш а ахь лардар, хьуна дика хилийтархьама.


«Цхьа а вац Исраилан Делах тера мархашца Шен сийлаллехь а, стигалшкахула хьуна гӀо лаца веана волчу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios