Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 10:11 - Делан Йозанаш

11 ТӀаккха Везачу Эло иштта элира соьга: „Вало, оцу халкъана хьалхавала, новкъа баха уьш, церан дайшна Ас чӀагӀо еш лур ду аьлла долу латта шайн дола даккхийтархьама“».

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 10:11
5 Referencias Cruzadas  

ХӀинца, дӀа а гӀой, Ас хьайга аьллачу метте и халкъ дӀадига. Сан Малик хьуна хьалхадаьлла гӀур ду. ТаӀзар даран дийнахь Ас оцу нахана таӀзар дийр ду, цара латийна и къа бахьана долуш».


Везачу Эло Мусага элира: «Хьо а, ахьа Мисарара арадаьккхина халкъ а кхузара дӀагӀо. „Хьан тӀаьхьенашна лур ду Ас иза“, – бохуш, ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе гӀо хӀинца.


ХӀара латта Ас хӀинца шуна дӀалуш ду. Чу а гӀортий, шайн дола даккха и латта, хӀунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тӀаьхьа йолчу церан тӀаьхьенна а дӀалур ду аьлла ваӀда дина латта ду иза“».


«Хьалха санна, ас шовзткъа де-буьйса даьккхира лам тӀехь. Везачу Эло хӀинца а ладуьйгӀира соьга. Цунна ца лиира исраилхой хӀаллакбан.


«Исраилан халкъ, хӀун лаьа те хьан Везачу Далла хьоьгара? Цунна лаьа хьайн Везачу Деле бен ларамах хьо вуьзна ца хилар, Цуьнан некъашца хьо лелар, Иза хьуна везар, хьан Везачу Далла ахь гӀуллакх дар даггара а, доллучу хьайн синца а хилар.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios