10 «Хьалха санна, ас шовзткъа де-буьйса даьккхира лам тӀехь. Везачу Эло хӀинца а ладуьйгӀира соьга. Цунна ца лиира исраилхой хӀаллакбан.
Муса, мархи юккъе а ваьлла, кхин а лакха хьалавелира лам тӀехула. Шовзткъа дийнахь а, буса а Ӏийра иза лам тӀехь.
ТӀаккха Веза Эла дохковелира Ша иштта ойла ярна. Ша халкъана дийр ду аьлла зулам ца дира Цо.
Юха Везачу Эло элира: «Ахь аьлларг Ас кхочушдийр ду, хӀунда аьлча Со реза ву хьуна, цӀарца хьо вовза а вевза Суна».
Мусас Веза Эла волчохь шовзткъа де а, шовзткъа буьйса а яьккхира. Цу хенахь цо яа хӀума а ца йиира, хи а ца мелира. ТӀулган экъанаш тӀехь бартбаран дешнаш дӀаяздира цо: Делера болу итт хьехам.
«Кхиберш кӀелхьара а баьхна, Ша-м кӀелхьара ца ваккхало Кхуьнга. Ша Исраилан халкъан паччахь велахь, охьавосса хӀинца жӀарана тӀера. ТӀаккха тхо Цунах тешар ду!
ТӀаккха Везачу Эло иштта элира соьга: „Вало, оцу халкъана хьалхавала, новкъа баха уьш, церан дайшна Ас чӀагӀо еш лур ду аьлла долу латта шайн дола даккхийтархьама“».
Иштта, Везачу Элана хьалха суждане а вахана, шовзткъа де-буьйса даьккхира ас, хӀунда аьлча Везачу Эло аьллера, Ша шу хӀаллакдийр ду.