1 «Оцу хенахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Хьалха йиначарах тера а йолуш, тӀулган керла экъанаш ага хьайна. Дечигах царна тӀорказ а дай, Со волчу лам тӀе хьалавала.
Хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йина, Ӏуьйранна гӀаьттина, Синай-лам тӀе велира Муса, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара. ТӀулган ши экъа кара схьаийцира цо.
Хаза хьожа йогӀу хӀума яго дашо кхерч а, гонах деши лаьцна бартбаран тӀорказ а дара цу чохь. ТӀорказна чохь кхачанийн буьртигаш чохь долу дашо пхьегӀа а, маргӀалш хецна хилла йолу АхӀаронан Ӏаса а, бартбаран экъанаш а яра.