Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 1:5 - Делан Йозанаш

5 Йордан-хина дехьа болчу муабахойн махкахь, исраилхой хӀокху товрат-хьехамах кхето дӀаволалуш, Муса-пайхамаро иштта аьлла:

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 1:5
8 Referencias Cruzadas  

Хьешбон-гӀалахь олалла деш хиллачу эмархойн паччахьна Сихьонна тӀехь а, Ӏаштарат-гӀалахь а, ЭдреӀи-гӀалахь а олалла деш хилла волу Башан-мехкан паччахьна ӀовгӀина тӀехь а Мусас толам баьккхинчул тӀаьхьа дара иза.


«Вайн Везачу Дала, вайга Хьарибехь Ша вистхуьлуш, иштта элира: „Тоьар ду шуна хӀокху ламан уллохь севцина Ӏан!


ХӀара товрат-хьехам, дӀа а язбина, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ лелочу левихойх болчу динан дайшка а, исраилхойн массо а къаношка а дӀабелира Мусас.


Мусас цаьрга иштта элира: «Ас тахана шайна дӀахьедина долу дерриге а дешнаш шайн даг тӀе дижийта. Шайн берашна тӀедилла, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдар.


ХӀара Мусас Исраилан халкъана дӀабовзийтина товрат-хьехам бу.


Иза хилира уьш Йордан-хина малхбалехьа, Байт-ПаӀарна уллохь йолчу тогӀи чохь болчу хенахь. И латта Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан хилла. Иза Мусас исраилхошца цхьаьна шаьш Мисарара арадевллачу хенахь эшийнера.


Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ иштта нийса парзаш а, тӀедехкинарш а шен долу, тахана ас шуьга дӀакховдош дерш санна?


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios