Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 1:44 - Делан Йозанаш

44 Оцу лаьмнашна тӀехь бехаш болу эмархой дуьхьалбевлира шуна. Цара шу, накхармозаша дийриг а дина, лаьхкира. Цара шу эшадора СеӀир-лаьмнашкара ур-атталла Хьормина тӀе кхаччалц йолу меттигашкахь.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 1:44
7 Referencias Cruzadas  

Б акъволу Эла, декъала ву Хьо! Хьайн парзаш суна хьехахьа.


Цу дийнахь Везачу Эло шок тухур ю, Мисар-махкахь уггар генахь йолчу хин Ӏоврашкара мозий а, Ашур-махкахь долу накхармозий а схьакхайкхархьама.


Цу лаьмнашкахь Ӏаш болчу Ӏамалекхахоша а, канаӀанхоша а, цхьаьна а кхетта, исраилхой, эша а бина, Хьорма цӀе йолчу метте кхаччалц лаьхкина бигира.


Исраилхойн дехар а хезна, царна гӀо дира Везачу Эло. КанаӀанхой а, церан гӀаланаш а хӀаллак а йина, цу меттигна Хьорма цӀе тиллира исраилхоша (иза «хӀаллакьяр» бохург ду).


Везачу Эло шайн мостагӀашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхӀ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду.


Эзарна тӀаьхьа цхьа мостагӀа муха валалур вара, шина мостагӀчуьнга итт эзар исраилхо муха дӀавадийталур вара, нагахь санна церан Тархо уьш ца боьхкича, нагахь санна Везачу Эло уьш кара ца белча!


Ткъе ялхитта стаг вийра царах ГӀай-гӀалин бахархоша. Шайн кевнера лаьхкина, тӀулг боккхучу метте кхаччалц дӀабигира цара и исраилхой. Лам тӀера чубуьссучу хенахь байира уьш ГӀай-гӀалин бахархоша. Доьналлех боьхначу исраилхойн дегнаш дегадора.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios