42 Амма Везачу Эло соьга иштта элира: „ДӀаала цаьрга: ‘Ма довла лаьмнашна тӀе, ма бе тӀом, шайн мостагӀашка шаьш эша ца дайтархьама, хӀунда аьлча Со шуна юкъахь хир вац’“.
Шух эзар водур ву цхьана мостагӀчо шуна кхерам тесча, ткъа царах пхеаммо шу массо а водуьйтур ву. Шун эскарх хӀумма а юьсур яц, гунна буьххье йоьллина тӀехь байракх йолу гӀаж санна кӀезиг берш бен.
Цара шайн бераш кхиадахь а, Аса уьш цаьргара схьадохур ду. Ма доккха къа хир ду-кх церан Со шайх дӀавирзинчу дийнахь!
Ас Сайн оьгӀазло шуна дуьхьал яссор ю, тӀаккха шу мостагӀаша эшор ду. Шуна тӀехь олалла дийр ду цара. Шу довдур ду, тӀаьхьаваьлла цхьа вацахь а.
Уьш чӀогӀа летира, исраилхой эша а беш. ХӀора дийна висина волу исраилхо, ведда, шен цӀа вахара. Исраилхой чӀогӀа эшийра цу тӀамехь, ткъе итт эзар гӀашло вен а вуьш.
Исраилхошна дуьхьал лата дӀахӀиттинера пӀелаштамхой. Уьш вовшахлетира. ПӀелаштамхоша исраилхой эшийра. Цигахь виъ эзар стаг вуьйжира исраилхошна юкъара.