Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 1:32 - Делан Йозанаш

32 И дерриг а шайна гуш доллушехь, тӀаккха а шайн Везачу Делах ца тешара шу.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 1:32
9 Referencias Cruzadas  

Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀевттина, уьш ТакхоӀ-гӀалина уллохь йолчу яьссачу аренга дӀабуьйлабелира. Уьш дӀабоьлхучу хенахь, ЯхӀушаптис, дӀа а хӀоьттина, элира: «ЯхӀудхой, ярушалаймхой, ладогӀалаш соьга! Шайн Везачу Делах тешна хила – шу чӀагӀдийр ду! Цуьнан пайхамарех теша, тӀаккха кхиамаш хир бу шун».


Царна гира Везачу Эло до гӀуллакхаш: кӀоргачу хӀордашна тӀехь долу Цуьнан тамашийна хӀуманаш.


Эпрайм-мехкан олахо Шамран-гӀала ю, ткъа Шамранан олахо Рамли-ЯхӀун кӀант бен вац. Нагахь санна шу ца тешахь, шу чӀагӀдина хир дац’“».


Везачу Эло Мусага элира: «ХӀара халкъ мел Ӏийр ду Суна дуьхьалдаьлла? Аса шайна гайтинчу тамашийначу билгалонех ца тешаш мел Ӏийр ду иза?


Иштта, хьовсалаш, вежарий, шайна юкъахь цхьаннан а мекара а, тешар доцу а дог ма хилийталаш, дийна волчу Делах шаьш дӀа ца къастийтархьама.


Исраилхошна санна, вайна а бовзийтина Делан хаза кхаъ. Амма иза хезначара цу тӀе тешар ца тоьхна, цундела царна пайда ца бина хазачу кхоо.


Шуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тӀаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хӀаллакбар а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios