Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 1:30 - Делан Йозанаш

30 Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла воьдуш ву. Цо шуьгахьа тӀом бийр бу, Мисар-махкахь шун бӀаьргашна гина ма-хиллара.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 1:30
30 Referencias Cruzadas  

Цаьрца берг адамийн ницкъ бу, ткъа вайца вайн Веза Дела ву, вайна гӀо а деш, вайн дуьхьа тӀом а беш волу». ТӀаккха яхӀудхойн паччахьан Хьузакх-ЯхӀун дешнаша халкъ чӀагӀдира.


Гонах а хьаьжна, лоруш болчу нахе а, хьаькамашка а, кхин болчу нахе а вистхилира со. Аса элира: «Вайн мостагӀех шу ма кхералаш. Хьалдолу Эла сийлахь а, кхерамах дузуьйтуш а вуйла шайна дагадаийта! Аша, шайн вежарий а, кӀентий а, йоӀарий а ларбеш, тӀом бан беза! Шу шайн зударий а, шайн цӀенош а лардеш тӀом беш хила деза!»


Цундела шайна коьман маӀан аз хезначу метте схьагулдала деза шу. Цигахь массо а вовшахкхетар ду вай. Вайн Дела вайгахьа тӀом беш хир ву!»


Юха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала кховдаде, тӀаккха берриг а Мисар-махкахь буькъа бода хӀуттур бу».


Везачу Эло шун дуьхьа тӀом бийр бу, шун хӀумма а дан ца деза».


Цо тӀера чкъургаш дӀайовлийтина дела, мисархойн гӀудалкхаш чохьйиснера, уьш хала текхайора цара. «Исраилхой болчуьра довда деза! – бохуш, маьхьарий хьоькхура цара. – Цаьргахьа волу Веза Эла вайна дуьхьал леташ ву!»


„Шуна гина Ас мисархошна динарг, гина Ас, аьрзун тӀемаш тӀехь санна, шаьш Со волчу схьадалор.


ХӀун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал?


ХӀетте а, и дерриг а гӀуллакхаш хуьллушехь, ваьш Дезначо вайга уггар боккха толам боккхуьйту.


Ас шуьга элира: „Кхера а ма ло, оза а ма ло царах.


Цуьнан тамашийна билгалонаш, Цуьнан гӀуллакхаш, Цо Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна а, цуьнан халкъана а дина долу.


Берриг а исраилхой схьа а гулбина, Мусас цаьрга иштта элира: «Шуна гина Везачу Эло шуна хьалха Мисар-махкахь пирӀунца а, цуьнан ялхошца а, цуьнан дерриге а лаьттана а мел динарг.


Царах ма кхера, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша шуьгахьа тӀом беш ву“».


Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла Ша гӀур ву. Цо хӀара халкъаш шун юьхь-дуьхьалара хӀаллакдина дӀадохур ду, тӀаккха аша церан латтанаш шайн дола дохур ду. ЮшаӀ, Везачу Эло ма-аллара, шуна хьалхаваьлла гӀур ву.


Везачу Эло билгалонаш а, тамашийна хӀуманаш а гайта вахийтинера иза Мисар-махка. ПирӀунна а, цуьнан ялхошна а, дерриг а халкъана а гинера и тамашийна хӀуманаш.


Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хӀуманаш дарца а, тӀом барца а, ондачу куьйгаца а, дӀакховдийначу пхьаьрсаца а, чӀогӀачу къематашца а кхин муьлха дела маца гӀиртина те, кхечу къомах паргӀат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бӀаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш!


ма кхералаш царах, амма дагадаийталаш шун Везачу Дала пирӀунна а, берриг а мисархошна а динарг.


Везачу Эло адамо бохучуьнга иштта ладоьгӀна де я хьалха а, я цул тӀаьхьа а хилла дацара, хӀунда аьлча Веза Эла Исраилан халкъан дуьхьа тӀом беш вара.


Цкъа араваьлла, берриш и паччахьаш а, церан латтанаш а схьадехира ЮшаӀа, хӀунда аьлча исраилхойн Веза Дела Исраилан халкъехьа тӀом беш вара.


Шуна гина шайн Везачу Дала цу халкъашна динарг, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша вара шун дуьхьа тӀом беш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios