3 ШовзткъалгӀачу шеран цхьайтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь бинера Муса-пайхамаро хӀара хьехамаш массо а исраилхошна. Цо дийцинарг дерриг а Везачу Эло царах шайх лаьцна тӀедиллинарг дара.
ХӀорш ду Везачу Эло Синай-лам тӀехь Мусагахула исраилхошна тӀедехкина весеташ.
Мисар-махкара исраилхой арабевллачул тӀаьхьа шолгӀачу шеран, шолгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь Синай олучу яьссачу аренгахь, гуламан четар чохь, Веза Эла Мусага вистхилира. Цо элира:
Хьалхарчу баттахь берриг а исраилхой, Цин цӀе йолчу яьссачу ара а баьхкина, Кхадеш олучу меттехь севцира. Цу меттехь Марем кхелхира, цигахь иза дӀа а йоьллира.
Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, динан да АхӀарон ХӀор-лома тӀевелира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьлла шовзткъа шо долуш, АхӀарон цигахь дӀакхелхира. Иза дара пхоьалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь.
Хьалхарчу беттан уьтталгӀачу дийнахь Йорданах сехьа а даьлла, Ерихонна малхбалехьа йолчу Галгал олучу меттехь сецира Исраилан халкъ.