Карлабаьккхинарг 1:28 - Делан Йозанаш28 Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гӀаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чӀагӀонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Ӏаьнакх цӀе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“. Ver Capítulo |
Цара хьоьга хаьттича: „Ахьа узарш стенна до?“ – ахьа ала деза: „Вайна тӀекхочуш болу хаам бахьана долуш до. Иза тӀекхаьчча, хӀораннан дог, Ӏадийна, дешар ду, массеран а куьйгаш, чуьра са дӀадаьлча санна, охьагӀур ду, хӀораннан а са кхачалур ду, голаш, хи санна, егор ю. ЛадогӀа, и хаам тӀекхочуш ма бу, иза кхочушхир ма ду“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.