21 Шун Везачу Дала шуна дӀалуш ду хӀара латта. Шун дайн Везачу Дала шайга ма-аллара, дӀа а гӀой, и латта шайн дола даккха. Кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила“.
Уьш мацбеллачу хенахь стигалара кхача а белира Ахьа царна. Уьш хьагбеллачу хенахь тӀулгах даьккхина хи а делира Ахьа царна. Ахьа цаьрга элира, дӀа а гӀой, царна, куьг а айина, дӀадала чӀагӀо йина долу латта церан дола даккха.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
Вайн Далла ала иллеш, вайн Паччахьна ала уьш.
Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чӀагӀ а дийр ду, хьуна гӀо а дийр ду. Со хьуна гӀортор хилла дӀахӀуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца.
НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахь бехаш бу Ӏамалекхахой. Лаьмнашкахь бехаш бу хьетахой, явсайхой, эмархой, ткъа хӀордан йистехь а, Йордан-хин йистехь а бехаш бу канаӀанхой».
«Ма кхера, шу кӀезиг а, гӀийла а делахь а, шуна тӀехь Ӏу ву. Шун Ден, хазахетарца, шуна Олалла дала сацам хилла.
ТӀаккха ас шуьга иштта элира: „Вайн Везачу Дала вайна схьалуш болчу эмархойн лаьмнашна тӀе даьхкина шу.
«Шайн мостагӀашна дуьхьал тӀом бан шу доьлхуш шун чул дукха йолу церан говраш, гӀудалкхаш, тӀемалой шайна гича, кхера ма лолаш, хӀунда аьлча Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела шуьца ву.
„ЛадогӀа соьга, Исраилан халкъ! Аша тахана шайн мостагӀчуьнца тӀом дӀаболош бу. Доьналлех ма довлалаш, ма кхералаш, царах ма озалолаш, Ӏадийна ма хилалаш!
ЧӀагӀлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Ӏада а ма делаш, хӀунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дӀавоьрзур а вац, Цо шу дӀатосур а дац».
ма кхералаш царах, амма дагадаийталаш шун Везачу Дала пирӀунна а, берриг а мисархошна а динарг.
Ма кхера царах, хӀунда аьлча шуна юкъахь волу шун Веза Дела – сийлахь а, ларамах бузуьйтуш волу а Дела ву.
Ткъа Везачу Эло: „Дуьйло, схьадаккха Ас шуна луш долу латта“, – аьлла, шу Кхадеш-БарнаьӀера дохуьйтучу хенахь, шу дуьхьалдевллера шайн Везачу Делан омранна, шу Цунах ца тийшира, аша Цуьнан озе ла ца дуьйгӀира.
Цундела вай майрра боху: «Веза Эла ву сан гӀоьнча, со хӀуманах а кхоьрур вац. ХӀун дийр дара суна стага?»
ЧӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила. ХӀокху халкъе Ас церан дайшна лур ду аьлла латта дола доккхуьйтур ду ахь.
Ас тӀедуьллу хьуна: чӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву».