Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 1:17 - Делан Йозанаш

17 Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цӀеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хӀунда аьлча кхел – Делан гӀуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гӀуллакх суна тӀе схьада, ас ладугӀур ду цуьнга“.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 1:17
48 Referencias Cruzadas  

Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гӀала а йохош, Хьан лаамехь верг хӀаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц – уьш массо а хӀаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?»


Тхо лийр ду, лаьтта Ӏанийна долу, юха схьагуллур доцу хи санна а хуьлуш. Амма Далла ца лаьа са хӀаллакдан, мелхо а, Цо ойланаш йо, наха дӀатеттинарг Шена уллора кхин дӀа ца таттийта.


ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу хӀора а гӀали чохь кхелахой дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис.


Кхелахошка цо элира: «Шаьш дийриг хӀун ду хьовсалаш, аша йийриг адамийн дуьхьа йолу кхел яц, иза Везачу Элан дуьхьа ю. Аша кхел ечу гӀуллакх тӀехь Иза шуьца ву.


Дела! Вист ца хуьлуш ма висахьа, къора а, хӀумма а ца деш ма хилахьа, Дела.


Хьайна а, кху нахана а ницкъ бо ахь, хӀунда аьлча хьуна хала ду хӀара гӀуллакх дӀакхехьа, хьоьга-хьайга кхочуш ца дало иза.


Уьш нахана тӀехь массо а ханна кхелахой хилийта. Нагахь чолхе гӀуллакх хилахь, иза хьайна тӀедаийта, ткъа кегий гӀуллакхаш шайга къастадайта. ТӀаккха хьуна а атта хир ду, ахь къастийначу наха а хьоьца и хало йоькъур ю.


Уьш массо а хенахь халкъана кхел еш бара. Чолхе гӀуллакх цара Мусана тӀедахьара, ткъа кегийра гӀуллакхаш шаьш къастадора.


Кхел ечу хенахь дика дац Ӏесачу стагана озабезам гайтар, и хӀума дарца хьаналчу стагана нийса кхел ца йойтуш.


Кхузахь хьекъалчеран дешнаш кхин а ду. Кхелахочо озабезам бар дика дац.


Кхелахочо озабезамаш бар дика дац. Делахь а, уггар жима кхаъ схьа а эцна, стага къа лато тарло.


Адамех кхерар – стагана хӀоттийна гур бу, ткъа Везачу Элана тӀетевжаш верг кӀелхьарвоккхур ву.


Ткъа ахьа, Ярми-ЯхӀу, хьайн гӀодаюкъ а ехкий, хьала а гӀаттий, Аса хьайга мел аьлларг цаьрга дӀадийца. Оцу нахах ма кхера, Соьга хьо царна хьалха ца кхеравайтархьама.


Кхел нийса е, къечуьнга озабезам а ма бе, хьалдолчух а ма кхера. Нийсонца кхел е хьайн уллорачунна.


Иштта Ас шу дерриг а халкъана хьалха дегаза а, юьхьӀаьржа дина дӀахӀиттор ду, аша Сан некъаш лар ца до дела а, товрат-хьехаман гӀуллакхаш тӀехь аша озабезамаш лелабо дела а».


Цара шайн мурдаш бахийтина Иза волчу, царах хӀародхой а тоьхна. Мурдаша Ӏийсага элира: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьхийла а. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу.


Ткъа тӀебаьхкича, цара хаттар до Ӏийсага: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. Мелхо а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьху Ахь. Нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац? Ло оха, я ма ло?»


Цкъа хаьттира мотт беттачара: «Устаз! Хьан дешнаш а, хьехамаш а нийса буй хаьа тхуна. Стаге ца хьожуш, Ахь нийса хьоьху Далла лууш дерг.


ХӀунда аьлча Дала озабезам ца бо цхьаьнгге а.


Шу а, олахой, шайн лешца иштта лелалаш. Царна кхерамаш ма тийсалаш. Хаалаш, царна тӀехь а, шайна тӀехь а цхьа Олахо вуйла стигалшкахь, ткъа Цо цхьанна а озабезам ца бо.


Хьан Веза Дела – деланийн Дела а, олахойн Олахо а ву. Иза сийлахь а, нуьцкъала а, ларамах вузуьйту Дела а ву. Цо озабезамаш ца бо, Цо кхаьънаш а ца ийдо.


Ма талхаделаш кхелъяр, цхьаьнгге а озабезам ма белаш. Ма эцалаш кхаьънаш, хӀунда аьлча кхаьънаша хьекъале берш а бӀарзбо, нийса болчеран гӀуллакхаш хийцадолуьйту.


ТӀевеанчунна а, бона а нийса кхелъяр ма талхаделаш, ткъа йисинчу зудчун тӀехулара бедар закъалтана схьа а ма эцалаш.


«Нагахь санна адамашна юкъахь къовсаме даьлла хӀума делахь, уьш кхеле озо беза. Цигахь бехке воцург бакъван веза, бехке волчунна кхел ян еза.


Ткъа харцонаш лелочунна, ша лелийначу харцоне хьаьжжина, таӀзаран ял кхочур ю. Дала цхьаьнгге а озабезамаш ца бо.


Ткъа Дала тхан сий а дина, Шен хаза кхаъ тешарца тхоьга кховдоре терра, иштта, адамашна томана а доцуш, амма вайн дегнаш зуьйш волу Дела лоруш бо оха и хьехамаш.


Амма стаге озабезамца шу хьовсахь, аша къа латадо, товрат-хьехамо шу, зуламхой санна, бехкедо.


Нагахь хӀораннах а озабезам ца беш, цо диначуьнга хьаьжжина кхел еш Волчух аша Дада олуш хилча, шаьш дуьнен чу даьхкина хьеший хилла йолу хан сийлаллин кхерам дагахь а болуш яккха.


Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хӀунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу».


Стага вукху стагана дуьхьал ша вониг дича, Дела царна юккъе хӀотта мега. Ткъа аша Везачу Элана дуьхьал вониг лелош хилча, шуна тӀе мила хӀуттур ву?» Амма цара шайн дас бохучуьнга ла ца дугӀура, Везачу Эло цу хенахь уьш байа сацам бина хилла дела.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios