Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 1:16 - Делан Йозанаш

16 Аса оцу хенахь шун кхелахошка омра дира: „Шайн къомах болчеран гӀуллакхашка ладогӀа, царна юкъахь нийса кхел е, шайн къомах волчуьнца я тӀевеанчуьнца и гӀуллакх доьзна делахь.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 1:16
22 Referencias Cruzadas  

Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гӀала а йохош, Хьан лаамехь верг хӀаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц – уьш массо а хӀаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?»


Исраилан халкъан Дала дийцинера, Исраилан халкъан Тархо соьга аьллера: „Нийсонца нахана тӀехь олалла дийриг, Делах а кхоьруш, олалла дийриг,


Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. Шаула Дауд верхьама цуьнан цӀа долчу кӀелховша нах бахийтича, Дауда язйина назма ю иза.


ТӀевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хӀунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тӀедаьхкина Ӏаш.


Иштта, ахьа цаьргахьа дош а алалахь, царна тӀехь нийса кхел а яйталахь. Къечеран а, мискачеран а бакъонаш ларъяр тӀехь хьайн нийса дош алалахь».


Кхел нийса е, къечуьнга озабезам а ма бе, хьалдолчух а ма кхера. Нийсонца кхел е хьайн уллорачунна.


Цу гӀуллакхашна тӀедиллинарг цхьаъ хир ду шуна тӀевеанчунна а, махкахочунна а, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву“».


Иза, динан дена ЭлиӀазарна хьалха а, дерриге а халкъана хьалха а дӀа а хӀоттавай, царна хьалха урхаллин гӀуллакх дарна къобалве.


Адамна тӀехьаьжна ма е кхел, ткъа кхел бакъонца е».


Ас шун тайпанашкара уггар а хьекъаленаш, кхетаменаш, зийнарш схьа а эцна, шуна тӀехь хьаькамаш хила дӀахӀиттийра: эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь болу хьаькамаш. Важа нах ас, тӀехьоьжурш а бина, дӀахӀиттийра шун тайпанашкахь.


Ваца ма велаш къен а, миска а волу йолах лаьцна верг, шайн къомах волу исраилхо я шайн гӀаланех цхьанна чохь Ӏаш волу тӀевеанарг иза велахь а.


«Нагахь санна адамашна юкъахь къовсаме даьлла хӀума делахь, уьш кхеле озо беза. Цигахь бехке воцург бакъван веза, бехке волчунна кхел ян еза.


Оцу дийнахь Мусас, иштта а олуш, халкъана тӀедиллира:


Везачу Эло Мусага иштта элира: «Хьо дӀакхелха денош тӀекхочуш ду. ЮшаӀ тӀе а кхайкхий, гуламан четарна чу воллучохь совца. Ас иза Исраилан халкъана тӀехь куьйгалхо санна къобалвийр ву». Муса а, ЮшаӀ а, ший а схьа а веана, гуламан четарна чу воллучохь сецира.


Шуна хууш ду-кх, шух хӀора а, дас шен бераш санна, лелавора оха.


Далла а, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсана а, хаьржинчу маликашна а хьалха, дуй а бууш, доьху ас хьоьга: хӀара хьехамаш ларбе, цхьаьнгге озабезам а ца беш, цхьаъ вукхарал лакхара а ца хеташ.


Кху заманчохь хьалдолчарна кура ца хилар тӀедилла. Тешаме доцучу церан хьоле сатуьйсучул, Деле сатийса дезарх кхетабе уьш. ХӀунда аьлча Дала дерриге а шортта ло вайна, вай, хаза а хеташ, дахийтархьама.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios