11 Шун дайн Везачу Дала шу хӀинца долчул кхин а эзарза деба а дебийтойла, декъал а дойла, шуьга Ша ма-аллара.
Цул тӀаьхьа, Ибрам четар кӀелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДӀахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тӀаьхье».
цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохур ю.
Хьан тӀаьхье дебор ю Ас, стигалара седарчий санна. Хьуна а, хьан тӀаьхьенна а дӀалур ду Ас дерриге а хӀара латтанаш. Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра массо а халкъаш декъала хир ду.
хьуна гӀо деш волчу хьан ден Дала, хьо декъалвеш волчу Нуьцкъалчо. Лакхарчу Шен стигалшца а, лахарчу латтанашца а, кӀайн кхача лучу накхошца а, ховхачу кийранашца а декъалвойла хьо Нуьцкъалчу Дала.
ТӀаккха Йоаба паччахье элира: «Хьан Везачу Дала халкъ кхин а бӀозза алсамдоккхийла, сан эла волчунна иза ган а гойла. Ткъа сан паччахь волчу элана хӀунда оьшу иза?»
ТӀаккха Йоаба паччахье элира: «Шен халкъ кхин а бӀозза алсамдоккхийла Везачу Эло. Сан олахо волу паччахь, и халкъ дерриг а сан олахо волчу хьан дац ткъа? Ткъа сан олахочунна хӀунда оьшу иза? ХӀунда дуьллу те ахь Исраилан халкъана тӀе и декхар?»
Дагабахкийтахьа ИбрахӀим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чӀагӀо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чӀагӀо йина хӀара латта шун тӀаьхьенашна дӀа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“».
Эрна арахь тӀедолучу зезагна санна, Ас хьалакхиа гӀо дира хьуна. Хьо, йоккха а хилла, исбаьхьа хаза хилла дӀахӀоьттира: хьан накхош хьалаайаделира, хьан месаш яхъелира, амма хьо, тӀекхоьллина хӀума йоцуш, ерзина яра.
Дала БалиӀаме элира: «Хьо цаьрца ма гӀолахь, цу халкъана неӀалт а ма кхайкхаделахь, хӀунда аьлча и халкъ декъалдина ду».
Везачу Эло кхин а элира: «Нагахь санна динан дайша, Сан цӀе а йоккхуш, исраилхошна тӀехь декъалбаран дешнаш алахь, Аса декъалбийр бу исраилхой».
Шайн Везачу Дала шу дебийтина, хӀинца шу, стигалара седарчий санна, дукха ду.
Амма шун халонашший, шун баланийн моххьий, шун девнашший ас-айса муха дӀакхоьхьур ду?
ХӀара латта Ас хӀинца шуна дӀалуш ду. Чу а гӀортий, шайн дола даккха и латта, хӀунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тӀаьхьа йолчу церан тӀаьхьенна а дӀалур ду аьлла ваӀда дина латта ду иза“».
Шун дай Мисар-махка баьхкинчу хенахь, уьш кхузткъе итт стаг бен вацара, ткъа хӀинца шун Везачу Дала, стигалара седарчий санна, алсамдаьхна шу».
Стигалара седарчий санна, шу дукха хиллехь а, кӀеззиг бен дуьсур дац шу, хӀунда аьлча шайн Везачу Деле ла ца дуьйгӀи аш.