10 Шайн Везачу Дала шу дебийтина, хӀинца шу, стигалара седарчий санна, дукха ду.
Цул тӀаьхьа, Ибрам четар кӀелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДӀахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тӀаьхье».
цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохур ю.
Лаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тӀаьхьенаш хир ю хьан, уьш дӀасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тӀаьхьенехула а декъал хир ду.
Ткъа шо а, ткъа шарал лахара а хан ерш Дауда дӀа ца язбира, хӀунда аьлча Везачу Эло Ша, стигалара седарчий санна, Исраилан халкъ алсамдоккхур ду аьлла, ваӀда динера.
Церан тӀаьхье Ахь, стигалара седарчий санна, дебийра. Церан дайшна Айхьа, шерет дина, латта лур ду элира, ткъа уьш оцу лаьтта тӀе схьабалийра Ахь.
РаӀамсас-гӀалара гӀаш Сакхат-гӀала баха арабевлира исраилхой. Божарех ялх бӀе эзар гергга стаг вара царна юкъахь, бераш ца лерича.
Дагабахкийтахьа ИбрахӀим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чӀагӀо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чӀагӀо йина хӀара латта шун тӀаьхьенашна дӀа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“».
Хьовсал шайн дега ИбрахӀиме а, шаьш динчу Сарате а. Ас тӀекхайкхинчу хенахь иза цхьаъ бен вацара, амма иза декъал а вина, бераш а делла, Аса цуьнан тӀаьхье дебийтира.
Эрна арахь тӀедолучу зезагна санна, Ас хьалакхиа гӀо дира хьуна. Хьо, йоккха а хилла, исбаьхьа хаза хилла дӀахӀоьттира: хьан накхош хьалаайаделира, хьан месаш яхъелира, амма хьо, тӀекхоьллина хӀума йоцуш, ерзина яра.
Царах багарбинчарна юкъаваханарг вара ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт стаг (603550).
Ткъа шаьш садаӀа севцча, деза тӀорказ цара дӀахӀоттош, Мусас олура: «Юхаверзахьа, Веза Эла, эзарнаш исраилхошна тӀе!»
Шун дайн Везачу Дала шу хӀинца долчул кхин а эзарза деба а дебийтойла, декъал а дойла, шуьга Ша ма-аллара.
Шун дай Мисар-махка баьхкинчу хенахь, уьш кхузткъе итт стаг бен вацара, ткъа хӀинца шун Везачу Дала, стигалара седарчий санна, алсамдаьхна шу».
Ткъа аша, дӀахьедар а деш, шайн Везачу Далла хьалха иштта дӀаала: „Сан ворхӀе а да ваьлла лелаш волу арамхо вара. Иза, Мисар-махка а вахана, кӀеззиг долчу адамашца ваха хиира. Цигахь цунах сийлахь а, нуьцкъала а, алсам долу а халкъ схьаделира.
Стигалара седарчий санна, шу дукха хиллехь а, кӀеззиг бен дуьсур дац шу, хӀунда аьлча шайн Везачу Деле ла ца дуьйгӀи аш.
Везачу Эло хьо Шен деган лаам бар а, хьо харжар а массо а халкъел хьо дукха долу дела дацара – хьо массо а халкъел жима халкъ ма ду, –