Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 1:1 - Делан Йозанаш

1 ХӀара дешнаш Муса-пайхамаро аьлла дара массо а исраилхошка, Йордан-хина малхбузехьа йолчу яьссачу аренгахь, Ӏариба-тогӀи чохь, Суп олучу меттигна дуьхьал уьш болчу хенахь. Цигахь цхьана агӀор Паран-аре яра, ткъа Тупал а, Лабан а, Хьацерут а, ДизахӀаб а вукху агӀор яра.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 1:1
29 Referencias Cruzadas  

Нанас цунна Мисар-махкара зуда ялийра. Паран цӀе йолчу яьссачу арахь Ӏаш бара уьш.


Мадани-махкара дӀа а бевлла, уьш Паран цӀе йолчу яьссачу аренга дӀабахара. ТӀаккха оцу Паранера адамаш а далош, Мисар-махкара пирӀунна тӀе баьхкира уьш. И пирӀун Мисар-мехкан паччахь вара, цо, ХӀададна Ӏан меттиг а, латта а, юург а елла, тӀеийцира иза.


Дела Теманера схьавогӀу, Везаниг а Паран-ломара схьавогӀу. Цуьнан возалло стигалш дӀахьулйо, Цуьнан сийлаллах латта дузу.


Синай цӀе йолчу яьссачу арара дӀабахара исраилхой. ДӀайоьдуш йолу марха Паран олучу яьссачу арахь сецира.


Кхиброт-ХӀатаъвуера Хьацерут олучу метте дӀабахара исраилхой. Цигахь севцира уьш.


Уьш, и мохк а теллина, шовзткъа де дӀадаьлча, шайн меттамотт болчу юхабирзира.


«Аса исраилхошна луш долу канаӀанхойн латта талла шайна юкъара нах бахийта. Шайн дайн тӀаьхьенах долчу хӀора тайпанах цхьацца куьйгалхо вахийта».


ХӀунда аьлча оха схьаоьцур дацара цаьрца цхьаьна Йордан-хил дехьа агӀор а, кхидӀа а долу лаьттан дакъош, нагахь тхайна лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор малхбалехьа нисделча».


Везачу Элана хьалха тхо, тӀамана кийча а долуш, Йордан-хил дехьадевр ду, амма тхуна кхочун долу лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор хир ду».


Цара элира: «Нагахь хьо тхуна реза велахь, хӀара мохк хьайн лешна дола схьалохьа. Ма дахахь тхо Йордан-хил дехьа».


Римун-Парацера дӀа а бахана, Либнехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.


Либнера дӀа а бахана, Рисехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.


Оцу шина тайпанна а, ахтайпанна а делла долу лаьттан дакъош малхбалехь Йордан-хил дехьа лаьттачу Ерихон-гӀалина дуьхьал агӀор ду».


Кхо гӀала Йордан-хил сехьа, важа кхоъ КанаӀан-махкахь билгалъяккха. Уьш хила еза лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гӀаланаш.


СеӀирехь бехачу вайн гергара къам долчу Ӏесаван тӀаьхьенан лаьтта юххехула тӀех а девлла, Эйлатера а, Ӏецйон-ГӀебарера а боьдучу некъах дӀа а дирзина, Муабин яьссачу аренна тӀедоьлхура вай.


Мусас а, исраилхойн динан дайша а халкъана весет дира, иштта а олуш: «Ас тахана шайна тӀе мел дуьллуш долу весеташ кхочушделаш.


Муаби-махкахь Везачу Эло Мусага исраилхошца байта аьлла, тӀебиллина болчу бертан тӀедожораш ду хӀорш. Хьариб-ломана уллохь Везачу Эло халкъаца бинчу бертал сов ду уьш.


Мусас берриг а исраилхошка кхидӀа а хӀара дешнаш элира:


Цо элира: «Веза Эла Синай-ломера схьавеана, СеӀир-махкара халкъана тӀе, сатасар санна, гучуваьлла, Иза Паран-ломара нахана тӀе къегаш хилла. Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна, Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара.


Иза хилира уьш Йордан-хина малхбалехьа, Байт-ПаӀарна уллохь йолчу тогӀи чохь болчу хенахь. И латта Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан хилла. Иза Мусас исраилхошца цхьаьна шаьш Мисарара арадевллачу хенахь эшийнера.


Исраилан дерриг а халкъ схьа а гулдина, Мусас иштта элира: «ЛадогӀал, исраилхой, тахана ас шун лергашна дӀахозуьйтуш деш долчу парзашка а, тӀедехкинчаьрга а. Уьш Ӏама а делаш, уьш кхочушдан а хьовсалаш.


ХӀинца Везачу Эло, шун Дала, синтем белла шун вежаршна, Ша цаьрга ма-аллара. ХӀинца, Везачу Элан ялхочо Мусас Йорданал дехьа шайна деллачу латтанаш тӀе дӀа а гӀой, шайн четарш чу юхадерза.


Маннашан тайпанан цхьаьна декъана Башанехь латта Мусас делира, ткъа вукху декъана латта Йорданал дехьа, малхбузехьа, шен вежаршца ЮшаӀа делира. Шайн четаршка дӀабохуьйтуш, цо уьш декъалбира.


лакхара догӀу хи, саца а сецна, геннахь, ЦӀартан-гӀалина уллора Адам-гӀала йолчохь, пен а хилла, дӀахӀоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хӀорда чу а доьдуш долу хи, дӀа а дахана, дӀаделира. Нах Ерихон-гӀалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара.


И хилларг Йордан-хил дехьарчу, малхбузерчу агӀор мел болчу паччахьашна хезира. Лаьмнаш тӀера а, нийсачу арара а, Дуьненаюккъерачу хӀордан берда тӀера а, Ливануна уллора а хьетахойн а, эмархойн а, канаӀанхойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а паччахьаш


Иштта тхуна хезна Йордан-хил дехьарчу, малхбалерчу агӀонера эмархойн шина паччахьна – Хьешбон-гӀалин паччахьна Сихьонна а, Ӏаштаратехь Ӏаш хилла волчу Башанан паччахьна ӀовгӀина а динчух лаьцна а.


Шамъал кхелхира. Массо а исраилхо иза дӀаверзо схьагулвелира. Белхаршца, чӀогӀа халахетарца иза шен цӀахь, Рамехь, дӀавоьллира цара. Дауд, хьала а гӀаьттина, лам тӀера Паран олучу яьссачу аренга охьавоьссира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios