Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Илли 1:3 - Делан Йозанаш

3 ДӀайига со хьайца, сихлур ду вайшиъ! Паччахьо шен цӀа чу йиги со! Вайшиъ самукъадаьлла хир ду, сакъоьруш хир ду. ЧагӀарал чӀогӀа болу хьан безам хестор бу вай. Ма нийса бу хьо дукха везаш берш!

Ver Capítulo Copiar




Илли 1:3
26 Referencias Cruzadas  

Делан цӀийне куьйгаш а кховдадай, Везачу Элана хастамаш бейша.


Мусас элира Везачу Эле: «Ахь боху соьга, хӀара халкъ дӀадига, амма соьца мила вохуьйтур ву ца аьлла Ахь, „Суна цӀарца хьо вевзаш ву, Со хьуна реза ву“, – Айхьа аьллашехь.


Везачу Эло жоп делира: «Хьуна хьалхахула Сайн сийлаллин нур чекхдоккхур ду Ас, хьуна хьалха ЯхӀува боху Сайн цӀе а кхайкхор ю, къинхетам бан луучух къинхетам а бийр бу, къахета луучух къа а хетар ду».


ДухӀи а, хаза хьожа а бахьана долуш стеган дог доккхадоь, иштта доттагӀчо даггара до хьехар – иза доттагӀаллин марзо ю.


Дезачу хьакхарел цӀе яккхийтар дикаха ду, Иштта дуьнен чу валаран дийнал адам даларан де дикаха ду.


ХӀун ю иза, яьссачу арара, кӀуьран бӀогӀам санна, гӀоттуш ерг, эцначу тайп-тайпанчу бецех йинчу, хаза хьожа йогӀучу хӀуманийн мархашкахь а хуьлуш?


Ма мерза бу хьан безам, сан йиша, сан нускал! Хьан хьестар чагӀарал мел дика ду, хьан хьакхарш массо а хазачу хьожанел гӀолехь ду!


Цуьнан беснеш бецийн хаьснаш ду, хаза хьожа йолчу ораматийн хас ду. Цуьнан балдаш петӀаматаш ду, шайх деза даьтта схьадолуш долу.


Со хьалагӀаьттира, сайн везаргана неӀ дӀаелла. Деза даьтта дара сан куьйгаш тӀера охьаӀенаш, сан пӀелгаш тӀера Ӏенаш дара иза, неӀаран тӀома тӀе Ӏенара иза.


Кхузткъа зуда-паччахь а, езткъа гӀарбаш-зуда а елахь а, багар ца баллал мехкарий белахь а,


Цийонехь гӀайгӀа ечарна хазахетар тилла – чиман метта, царна таж лур ду, белхаран метта, самукъадалар лур ду, эшначу синан метта – хастаман духар. Царах эр ду нийсонан нежнаш, Шен исбаьхьалла дӀагайтархьама, Везачу Эло доьгӀна долу.


«Цу хенахь Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана дийнахь Итт зудабер, цхьацца стогар схьа а эцна, зуда ялош волчу кӀантана дуьхьалъяхана.


ТӀаккха Марема, цхьа герка хиллал нард олучу зезагех даьккхина долу деза даьтта, схьа а эцна, Ӏийсан когаш тӀе доьттира. Цул тӀаьхьа шен коьртара месашца Ӏийсан когаш бакъийра цо. Ткъа и цӀа хаза хьожа йогӀучу даьттанан хьожанах дуьзира.


Дикачу агӀор йолу эмгаралла ю сан шуьца, иза Делера а ю. Ас шуна захало дийцира цхьана стагаца, иза Дала леррина Къобалвинарг ву. Цунна хьалха, цӀена йоӀстаг санна, шу дӀахӀитто лаьа суна.


ХӀинца шортта хӀума ду сан. Оьшург ерриге а йолуш ю, аша мел даийтина совгӀаташ Эпар-Падатис соьга схьакхачийна. Далла доккху хаза хьожа йогӀу сагӀа санна ду и совгӀат, Дела цунна реза а ву.


Уьш, зудчух куьг тохаза, кӀантстегарий бара. Уьш бара, Ӏахар стенгга бодахь а, Иза воьддучу дӀабоьлхуш берш. Мах а белла, адамашна юкъара паргӀатбаьхна бара уьш, Далла а, Ӏахарна а ялтин хьалхара стоьмаш санна дӀабалархьама.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios