Ӏезар 9:3 - Делан Йозанаш3 И дешнаш сайна хезча, аса сайна тӀейоьхна йолу тӀехулара а, чухулара а бедарш этӀийра, сайн коьртара а, маж тӀера а чоьш а дехира. Со чӀогӀа гӀайгӀане хилла охьахиира. Ver Capítulo |
Аса цу нахе бехк а баьккхира, царна неӀалт а кхайкхийра, царах цхьаболчарна етта а йиттира, церан месаш а ийзош. Делан цӀарах иштта чӀагӀо яйтира ас цаьрга: «Дала тхуна таӀзар дойла, оха тхайн зудабераш цаьрга маре дахийтахь а, я церан зудабераш тхайн кӀенташна даладахь а, я оха-тхаьш церан зударий балабахь а.