2 Исраилхоша шайна гонах дехаш долчу халкъийн зударий балор бахьана долуш, Делан долахь долу халкъ кхечу къаьмнех дӀаийнера. И къа шайх леточеран могӀаршкахь бара мехкан куьйгалхой а, кхиболу хьаькамаш а».
Делах дӀакъаьстина болчу божаршна и адамийн йоӀарий хаза хилар гора. Царех шаьш къастийнарш ялош хилла цара.
Хийрачу мехкашкара зударий безара Сулим-паччахьна. ПирӀунан йоӀ йоцург, царна юкъахь бара муабахойн, Ӏамминхойн, эдомхойн, цӀаданхойн, хьетахойн йоӀарий.
ТӀаккха Ӏейламан тӀаьхьенах волчу Яхьиалан кӀанта Шихан-ЯхӀус Ӏезаре элира: «Тхо тхайн Далла тешаме ца хилла, тхайна гонах дехаш долчу къаьмнийн зудабераш тхайна маре а дуьгуш. Оха и хӀума лелийнехь а, Исраилан халкъан кхин а сатуьйсийла йисина.
Цундела шайн кӀенташка церан зудабераш маре ма даладайта, шайн зудабераш цаьрга маре дӀа а ма дигийта. Цу нахах дӀа ма кхета! Машар я диканиг цаьрца цкъа а ма леха. Шу иштта лелахь, онда хир ду шу, лаьтто кхиийна мел дерг аша дуур ду, хӀара латта гуттаренна шун берийн дола долуьйтур ду“.
Вонаш лелош болчеран зудабераш маре а дуьгуш, цаьрга тхайнаш маре а дохуьйтуш, Хьан весеташ кхин цкъа муха дохор ду оха? Оха иза лелийча, тхо хӀаллакдал чӀогӀа оьгӀаз муха гӀур вац Хьо? ТӀаккха тхох цхьа а дийна а вуьсур вац, цхьа а стаг кӀелхьар а вер вац.
Аса яхӀудхойн лоруш болчу нахе бехк баьккхира и хӀума бахьана долуш. Аса цаьрга элира: «И хӀун зулам ду аша деш дерг? Далла лерина долу шоьтан де сийсаз ма доккху аша!
ЯхӀу-ЯдаӀ динан коьрта да волчу Элишубан кӀант вара. Ткъа ЯхӀу-ЯдаӀан цхьа кӀант хьоронхо волчу Санбулатан нуц вара. Иза аса Ярушалайм-гӀалара эккхийна дӀавахийтира.
Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дӀахаийта».
Шу Сан долахь долу халкъ ду, цундела акхароша цистинчу даьхнин жижиг ма даа, дӀало иза жӀаьлешна».
Церан мехкарий хьайн кӀенташна ма балабе, Везачу Элера дӀа а бирзина, шайн деланашна тӀаьхьахӀиттар цу мехкаршка хьайн кӀенташна ца Ӏамадайта.
Адамийн уьтталгӀа дакъа лаьтта тӀехь дисахь а, мохк юха а багийна хир бу. Амма ножах, хадийча, лаьттахь юьхк йисаре терра, цу халкъан йисначух деза хӀу хир ду».
шен тӀаьхье Далла хьалха боьха ца хилийтархьама. Иза вазвеш волу Веза Эла ву Со“».
ЯхӀудхоша а ямартлонаш лелайо. Исраил-махкахь а, Ярушалаймехь а дегаза хӀума лелийна. Везачу Элана дезаш долу Цуьнан деза цӀа сийсаздаьккхина яхӀудхойн халкъо, хийрачу делан йоӀ цо шена ялийна йолу дела.
Шегахь оьздангалла йолчу цхьаммо а и саннарг ца лелийна, хӀунда аьлча Делан халкъана юкъахь хиндолу бераш хӀоранна а хила ма лаьа. Цундела лар а лолаш, цхьаммо а ямартлонаш а ма лелаелаш шен къоналлехь хиллачу зудчунна дуьхьал.
ХӀунда аьлча тешар доцу майра тешар долчу зудчуьнгахула вазво. Ткъа тешар доцу зуда а язйо тешар долчу цуьнан майрачуьнгахула. Иза иштта ца хилча, церан бераш Далла хьалха цӀена хир дацара, ткъа хӀинца уьш Дала даздина ду.
Ӏийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кӀел ма лелийша. ХӀун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХӀун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь?
ХӀунда аьлча хьо хьан Везачу Далла дӀакъастийна деза халкъ ду. Дуьнен тӀера дерриг а халкъашна юкъара Цо къастийна хьо, Шен долахь долу жовхӀар хилийтархьама».
Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу.
Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан ах тайпа а долчу ГалӀад-махка баьхкина, цара элира:
Нагахь шу, юха а девлла, шайна юкъахь дисинчу халкъех дӀакхетахь, аша цаьрца гергарлонаш а тийсахь, захалонаш леладахь,