1 ХӀорш ю Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь соьца, Ӏезарца, Бавел-махкара арабевллачеран тайпанийн тхьамданийн а, цаьрца цхьаьна тептарш тӀехь аса дӀаязбинчеран а цӀераш:
Цара а, АхӀаронах схьабевллачу шайн вежарша санна, Дауд-паччахьна а, ЦӀадукъина а, Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха кхаж тосура. Доьзалан баьччано а, шен жимаха волчу вашас санна, кхаж тосура.
Яри-ЯхӀун вежарий а говза нах бара. Уьш ши эзар ворхӀ бӀе стаг вара. Шайн доьзалшкахь баьччанаш бара уьш. Делан а, паччахьан а массо гӀуллакх а дойтуш, Раабанан а, Гадин а тайпанашна а, Маннашан ахтайпанна а тӀехь, коьртанаш а бина, дӀахӀиттийра Дауд-паччахьо уьш.
Иштта оцу гӀаланашна гонах хилла йолу ярташ а БаӀалт-гӀалина тӀекхаччалц церан долахь яра. Иштта яра уьш баха охьахевшина меттигаш а, церан схьабовлар а цу тайпана дара.
Иштта массо а исраилхой шайн тукхамашца дӀаязбинера Исраилхойн паччахьийн тептар тӀе. Ткъа яхӀудхой Бавел-махка дӀабигнера, уьш Далла тешаме ца хиларна.
Левихойн доьзалийн баьччанаш а болуш, тукхамийн цӀераш дӀаязъеш долчу тептаршка хьаьжжина, куьйгалхой бара уьш. Ярушалаймехь бехаш бара уьш.
Эскаран тӀемалошна тӀехь хӀоттийна доьзалийн хьаькамаш бара. Уьш верриге а ши эзар ялх бӀе стаг вара.
ХьалагӀевттира Ярушалайме баха кийча болу ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанийн тхьамданаш а, динан дай а, левихой а. Царах волу хӀора стаг а Ярушалайме Везачу Элана цӀа дан воьдуш вара. Иштта Дала шена чохь и лаам кхоьллина волу массо стаг цига ваха кечвеллера.
Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаӀ, Нахьми-ЯхӀу, Сари-ЯхӀу, РаӀал-ЯхӀу, Мардахай, Билшан, Миспар, БигӀвай, Рахьим, БаӀна. ХӀорш ю юхабаьхкинчу исраилхойн цӀераш:
ПарӀушан тӀаьхьенах берш – ши эзар цхьа бӀе кхузткъе шийтта стаг (2172);
И нах доьзалийн тептарш тӀехь шайн цӀераш лоьхуш бара, амма царна уьш ца карайора. Цундела уьш динан дай санна тӀе ца ийцира.
Аса иштта омра до: сан пачхьалкхехь бехаш болчу исраилхойх, я церан динан дайх, я левихойх хьоьца Ярушалайме ваха лууш волу муьлхханиг а дӀаваха мегар ду.
Везачу Дала соьгахьа болу Шен хедар боцу безам паччахьна а, цуьнан хьехамчашна а, массо а сийлахьчу элашна а хьалха схьагайтина. Везачу Эло суна гӀо дарна, со иракара а хӀоьттина, ткъа исраилхойн куьйгалхойх дукхахберш сайца Ярушалайме бига схьагулбина».
Ӏезар Бавел-гӀалара новкъа велира. Исраилан халкъан Везачу Дала Муса-пайхамарехула белла товрат-хьехамаш дика хууш волу Ӏелам стаг хилла иза. Паччахь волчу Артахь-Шаштас Ӏезарна цо мел дехна долу массо а хӀума делла хилла, хӀунда аьлча Веза Эла Ӏезарца хилла.
Ӏезарца схьабаьхкина хилла дуккха а исраилхой. Царна юкъахь динан дай а, левихой а, илланчаш а, кевнехь лаьтташ болу гӀаролхой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш а хилла. Уьш шаберш а Артахь-Шашта паччахьаллехь волу ворхӀалгӀачу шарахь схьабаьхкира.
Пайнехьасан тӀаьхьенах – ГӀиршан; Итамаран тӀаьхьенах – Даниал; Даудан тӀаьхьенах – Хьатуш;