Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 7:1 - Делан Йозанаш

1 Дикка хан яьллачул тӀаьхьа, Парси-махкахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь, Бавел-гӀалара Ярушалайме веара Хьалкхи-ЯхӀун кӀант волчу Ӏазар-ЯхӀун кӀентан Сари-ЯхӀун кӀант волу Ӏезар.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 7:1
19 Referencias Cruzadas  

«Динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхӀуна тӀе а гӀой, Везачу Элан цӀийнан кевнехь лаьтташ болчу гӀаролхоша нахера схьагулдинчу ахчанан хьесап дайта цуьнга.


Динан да волчу Хьалкхи-ЯхӀус йозанче Шапанига элира: «Суна товрат-хьехамийн тептар карийна Везачу Элан цӀа чохь». Хьалкхи-ЯхӀус и тептар Шапанига делира, ткъа вукхо иза дӀадийшира.


Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхӀу а, шолгӀа динан да волу Цапни-ЯхӀу а, Везачу Элан цӀа чу воьдийла ларъеш волу кхо гӀаролхо а йийсаре дӀавигира.


Делан цӀенна тӀехь хьаькам волу Ӏазар-ЯхӀу (иза вара Хьалкхи-ЯхӀун кӀант, Хьалкхи-ЯхӀу вара Машулиман кӀант, Машулим вара ЦӀадукъин кӀант, ЦӀадукъа вара Маръютин кӀант, ткъа Маръюти вара Ахьтубин кӀант),


ТӀаккха Хьалкхи-ЯхӀус йозанча волчу Шапанига элира: «Товрат-хьехамийн тептар карийна суна Везачу Элан цӀа чохь». И тептар Шапанига дӀаделира Хьалкхи-ЯхӀус.


Цара, динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхӀуна тӀе а бахана, Делан цӀенна деана долу ахча дӀаделира цуьнга. Делан цӀийнан кевнехь гӀарол деш лаьттачу левихоша гулдина дара и ахча. Иза маннашхоша а, эпраймхоша а, исраилхойн дерриге а дисинчу декъо а, иштта берриге а яхӀудхоша а, бен-яманхоша а, Ярушалайман бахархоша а деанера.


Артахь-Шашта Парси-махкахь паччахь хилла дӀахӀоьттинчу хенахь, царах цхьаболчу наха юха а яхӀудхой бехке беш кехат яздира. И кехат яздинарш бара: Бишулам, Митрудати, Табиал, иштта кхиберш а. Цара кехат Артахь-Шаште арамхойн маттахь а, арамхойн йозанца а яздинера.


ЯхӀудхойн тхьамданаша Делан цӀа даран балха тӀехь кхиамаш бохура, Хьагайс а, Ӏидун кӀант волчу Закри-ЯхӀус а Делера болчу хаамашкахула уьш иракара а хӀиттош. Цара Исраилан Дела волчун лаамца, Парси-мехкан паччахьаша Къуреша а, Дари-Вашас а, иштта Артахь-Шаштас а ма-аллара кхочушдора шайна тӀедиллинарг.


Иза иштта хилира, хӀунда аьлча цо шен дог Везачу Элан товрат-хьехамаш Ӏаморна а, уьш кхочушбарна а, иштта Исраилан халкъана цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а хьехарна а тӀедерзийнера.


«Паччахьийн а паччахь волчу Артахь-Шаштера динан да волчу Ӏезаре, Делан кхоччуш болчу товрат-хьехамаш тӀехь Ӏелам стаг а волчу, иштта кхидӀа а.


Хьалкхи-ЯхӀу Шалуман кӀант хилла, Шалум ЦӀадукъин кӀант хилла, ЦӀадукъа Ахьтубин кӀант хилла,


Аса, паччахь волчу Артахь-Шаштас, сан Эпрат-хил дехьа йолу хазна ларъеш мел болчарна тӀедуьллу: шайга динан да а волчу, стигаларчу Делан товрат-хьехамаш нахана хьоьхуш а волчу Ӏезара дӀадеххнарг, мало а ца еш, дӀало.


Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Сари-ЯхӀу (Хьалкхи-ЯхӀу Машулиман кӀант хилла, Машулим ЦӀадукъин кӀант хилла, ЦӀадукъа Маръютин кӀант хилла, ткъа Маръюти Делан цӀенна тӀехь хьаькам волчу Ахьтубин кӀант хилла);


Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгӀачу шеран Нисан-баттахь паччахьна чагӀар чудеара. Аса и чагӀар, схьа а эцна, паччахье дӀакховдийра. Со гӀайгӀанехь вара. ХӀинца чул хьалха со паччахьна хьалха цкъа а цу тайпана цахиларна,


Шеран ворхӀалгӀа бутт тӀекхачале, дерриг а Исраилан халкъ шайн гӀаланашкахь охьахевшича, массо а исраилхой Хин кевнна хьалха йолчу майдане схьагулбелира. Цара Ӏелам стаг волчу Ӏезаре дехар дира, Везачу Эло Муса-пайхамарехула Исраилан халкъана тӀебиллина болу товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар схьада аьлла.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios