Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 6:3 - Делан Йозанаш

3 Шен паччахьалла дӀахӀоьттинчу хьалхарчу шарахь Къуреш-паччахьо Ярушалаймехь долчу Делан цӀийнах лаьцна омра дира. СагӀанаш доху меттиг санна Делан цӀа дӀахӀоттаде, ткъа цуьнан бух юхаботта. Цу цӀийнан лакхалла кхузткъа дол, шоралла а кхузткъа дол хила еза.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 6:3
16 Referencias Cruzadas  

Цора-гӀаларчу паччахьна Хьирамана тӀе нах бахийтира Сулим-паччахьо, цуьнга дӀаалийта: «Ахьа сан дена Даудана чохь Ӏан паччахьан цӀа дечу хенахь, баганан дечиг а духкуш, гӀуллакх дина ма-хиллара, суна а гӀо дехьа.


Иза-х стигалшна – ур-атталла уггар лекхачу стигалшна а чу ца тарваллал ву. Цхьаннан а ницкъ кхочур буй те Цунна цӀа дан? Со мила вара, Цо Шен цӀа дан пурба суна даллал? И цӀа – Цунна лерина сагӀа доккху меттиг бен хир ма яц!


Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам ерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а:


Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а:


«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тӀедиллина суна, ЯхӀуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цӀа де аьлла.


Цул тӀаьхьа йийсарера юхабирзинчара тӀулг боккхуш болчарна а, дечиг-пхьерашна а ахча лора, ткъа цӀаданхошний, цорахошний даа-мала а, зайтдаьтта а лора, цаьрга хӀорда тӀехула Ливанунера Яппе кхаччалц баганан дитташ дӀадахьийта. Парсихойн паччахь волчу Къуреша царна цу тӀехь пурба деллера.


ЯхӀудхойн тхьамданаша Делан цӀа даран балха тӀехь кхиамаш бохура, Хьагайс а, Ӏидун кӀант волчу Закри-ЯхӀус а Делера болчу хаамашкахула уьш иракара а хӀиттош. Цара Исраилан Дела волчун лаамца, Парси-мехкан паччахьаша Къуреша а, Дари-Вашас а, иштта Артахь-Шаштас а ма-аллара кхочушдора шайна тӀедиллинарг.


Дуккха а хьийгира оха куранаш тхох кхардар а, куралла ечара тхо аьшнаш дар а.


И гӀала биъ са болуш дӀахӀоттийнера. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьатерра яра. Оцу гӀожаца цо и гӀала юьстира. Иза бӀозза шийтта эзар сажа хилира. Ткъа цуьнан йохаллин а, шораллин а, лакхаллин а барам цхьатерра бара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios