Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 6:1 - Делан Йозанаш

1 Цул тӀаьхьа Дари-Ваша-паччахьо тӀедиллира, Бавел-гӀалахь йолчу пачхьалкхан хазни чохь дӀадиллина долчу тептарш тӀера цу хӀуманах лаьцна дӀаяздинарг схьалаха аьлла.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 6:1
16 Referencias Cruzadas  

Нагахь санна хьайн лаам хилахь, Бавелехь долчу паччахьийн тептарш тӀехь дӀаяздинарг лахийта, Къуреш-паччахьо баккъал а, Ярушалаймехь Делан цӀа дан мегар ду аьлла, пурба делла хилар хаархьама. Цул тӀаьхьа тхоьга кехат даийтахьара ахьа, цу гӀуллакхна тӀехь хьан лаам муха бу тхуна дуьйцуш».


Нах Делан сийдеш бу, Цо цхьадолу хӀуманаш къайладахарна. Нах паччахьан сийдеш бу, цо хӀуманаш талларна.


Паччахь Артахь-Шашта, хьайл хьалха паччахьаллехь хиллачара дӀаяздайтинчу тептарш тӀе хьажийтахьара ахьа. Цигахь карор ду хьуна Ярушалайм аьрха гӀала хиларан тоьшалла. И хӀума бахьана долуш дукхахболчу паччахьашна а, мехкашна а даккхий зенаш хилла. Тоххара дуьйна цу гӀалахь гӀаттамаш хилла. Цундела иза йоха а йина.


ТӀаккха Ӏаршана тӀехь охьахиъна Ӏаш Волчун аьтту куьйгахь хьарчийна тептар гира суна. Цу хьарчийначу тептаран шинна а агӀор йозанаш дара. И тептар, ворхӀ мухӀар а тоьхна, дӀакъевлина дара.


ТӀаккха суна сайга схьакховдийна долу куьг гира, цу куьйгахь хьарчийна тептар дара.


Ярми-ЯхӀус, хьарчийна тептар схьа а эцна, йозанча волчу Нери-ЯхӀун кӀанте Барухе дӀаделира. Цул тӀаьхьа яхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀу-Якхама дагийначу тептар тӀехь мел хилла дешнаш Ярми-ЯхӀус дӀа а олуш, Баруха уьш керлачу тептар тӀе дӀаяздира. Цу дешнаш тӀе цу тайпана кхин а дуккха а кхидолу дешнаш а дара дӀаяздина.


ЯхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀу-Якхаме дӀаала: „Иштта боху Везачу Эло: ахьа хӀара тептар дагийна: ‘ХӀунда яздина ахьа кху тӀе Бавелан паччахь схьа а веана, цо хӀара латта хӀаллакдийр ду, цу тӀехь мел долу адамаш а, хьайбанаш а дойуш?’ – аьлла.


Со ган веаначун хабар гуттара а даьсса хуьлу. Шен даг чохь цо вониг латтадо. Ара а волий, сох лаьцна цо эладита даржадо.


Мискачарна со ден метта вара, хийрачун гӀуллакх а ас къастадора.


Аса омра дина, сол хьалха паччахьаллехь хиллачара дӀаяздайтина долчу тептарш тӀехь дерг схьалаха аьлла. Билгалдаьллера Ярушалайм дукха хенахь дуьйна паччахьашна дуьхьал лаьттина хилар. Ярушалаймехь дукхазза а гӀаттамаш хилла.


Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайна хьалхара гуш дерг дӀадаа, дӀадаа и хьарчийна тептар. Цул тӀаьхьа, ваха а гӀой, Исраилан халкъе вистхила».


ВорхӀ дийнахь чӀогӀа хазахетарца даздира цара совсазчу баьпкан дезде, хӀунда аьлча Везачу Эло доккха хазахетар кхоьллинера церан дегнаш чохь. Ашур-мехкан паччахьан дог цаьргахьа а дерзийна, цуьнга Исраилан Делан цӀа дан гӀо дайтира Цо.


Аса иштта омра до: сан пачхьалкхехь бехаш болчу исраилхойх, я церан динан дайх, я левихойх хьоьца Ярушалайме ваха лууш волу муьлхханиг а дӀаваха мегар ду.


Делахь, хаа а хаалахь, кхета а кхеталахь: Ярушалайм-гӀала меттахӀотторах лаьцна даьлла омрана тӀера Дала къобалвинчу баьччанна тӀе кхачале, ворхӀазза ворхӀ-ворхӀ хан-зама а, кхузткъе шозза ворхӀ-ворхӀ хан-зама а ер ю. ТӀаккха меттахӀоттор ю и гӀала шен урамашца а, чӀагӀонашца а, амма халачу хенашкахь хир ду иза.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios