Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 5:2 - Делан Йозанаш

2 ТӀаккха Шалтаалан кӀант волу Зурбабел а, ЮцӀдукъан кӀант волу ЮшаӀ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цӀен тӀехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 5:2
16 Referencias Cruzadas  

Парсихойн паччахь волчу Къуреша шен хазна карахь йолчу Митрудатина тӀедиллира и хӀуманаш цигара араяхар. Митрудатис уьш ЯхӀудан эла волчу Шишбацаран кара дӀаелира.


Динан дайн тӀаьхьенах болчарна юкъара кхечу къаьмнех болу зударий балийначеран цӀераш хӀорш ю: ЮцӀдукъан кӀентан ЮшаӀан тӀаьхьенах берш а, цуьнан вежарий МаӀсей-ЯхӀу а, ЭлиӀазар а, Ярби а, Гадал-ЯхӀу а.


Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кӀанта Зурбабела а Исраилан Далла сагӀа доккху кхерч бира, цунна тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тӀехь тӀе-ма-диллара бина дӀахӀоттийра.


Ярушалаймехь лаьттачу Делан цӀа долчу шаьш схьадаьхкина шолгӀачу шеран шолгӀачу баттахь Шалтаалан кӀанта Зурбабела а, ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а болх дӀаболийра. Цаьрца бара церан гергарнаш: динан дай а, левихой а, йийсарера Ярушалайме юхабирзина болу берриг нах а. Цара шайна юкъара ткъа шарал хан тӀехъяьлла болу левихой хаьржира Делан цӀа дечу белхалошна тӀехь куьйгалла латтадайта.


ЯхӀудхойн тхьамданаша Делан цӀа даран балха тӀехь кхиамаш бохура, Хьагайс а, Ӏидун кӀант волчу Закри-ЯхӀус а Делера болчу хаамашкахула уьш иракара а хӀиттош. Цара Исраилан Дела волчун лаамца, Парси-мехкан паччахьаша Къуреша а, Дари-Вашас а, иштта Артахь-Шаштас а ма-аллара кхочушдора шайна тӀедиллинарг.


Леррина ойла ейша таханлерчу дийнахь дуьйна, уьссалгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь дуьйна. Везачу Элан цӀийнан бух дӀахӀоттийначу дийнера дуьйна хиллачун леррина ойла ейша.


ТӀаккха цо хӀара дешнаш элира: «Дерриге а дуьненан Олахочунна гӀуллакх дайтархьама, зайтдаьтта доттарца къобалвина волу шиъ ву уьш».


Жоп а делла, сайца къамел дечу малике хаттар дира ас: «Сан олахо, иза хӀун ду?» – аьлла.


Цара хьайга делла детий, деший схьа а эций, таж а дай, иза коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀентан ЮшаӀан коьрта тӀе дилла.


Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Массо а ницкъийн Везачу Элан цӀийнан бух буттучу хенахь, пайхамарша аьлла долу хӀара дешнаш хӀинца дӀахезаш долчу аша шайн куьйгаш чӀагӀделаш, Делан цӀа юхаметтахӀотторхьама.


Иза дац шун тешарна тӀехь олалла до бохург. Амма шун даккхийдер хилийта шуьца цхьаьна гӀуллакх деш ду тхо, хӀунда аьлча шайн тешар тӀехь чӀагӀо йолуш ду шу.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios