Ӏезар 4:9 - Делан Йозанаш9 «Кехат дӀаяздина дара мехкада волчу Рахьимера а, йозанча волчу Шимшайгара а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш долчу кхелахошкара а, куьйгалхошкара а. Ткъа уьш бу Тарпал-махкара а, Эрахь-махкара а, Парси-махкара а, Бавел-махкара а, Ӏейлам-махкахь йолчу Шушан-гӀалара а. Ver Capítulo |
Шен накъосташна а, шамранхойн эскархошна а хьалха цо элира: «ХӀун деш бу кхузахь и сий доцу жуьгтий? ХӀара гӀала юхаметтахӀотто билггал ойла йолуш бу уьш? Царна шаьш сагӀанаш дохур ду моьтту те? Царна шаьш и болх сиха бина девр ду моьтту те? Цаьрга чимашна а, хоттана а юккъера тӀулгаш денлур ма дац!»
Паччахьо хаьржина болчу баьччанаша пачхьалкхан массо а маьӀӀера хаза зудабераш схьахаржа деза. Цул тӀаьхьа уьш Шушан-гӀалин гӀопе схьадало а деза. И зудабераш паччахьан зударий чохь Ӏаш долчу цӀа чу а дигна, ваьӀна волу коьрта ялхо волчу ХӀигайн куьйга кӀел охьаховшо деза, хӀоранна а чкъор хаза хуьлуьйтуш долу хьакхарш а делла.