Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 4:7 - Делан Йозанаш

7 Артахь-Шашта Парси-махкахь паччахь хилла дӀахӀоьттинчу хенахь, царах цхьаболчу наха юха а яхӀудхой бехке беш кехат яздира. И кехат яздинарш бара: Бишулам, Митрудати, Табиал, иштта кхиберш а. Цара кехат Артахь-Шаште арамхойн маттахь а, арамхойн йозанца а яздинера.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 4:7
12 Referencias Cruzadas  

Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тӀехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Ӏебархойн маттахь ма дийца тхоьца».


ЯхӀудхойн а, бен-яманхойн а мостагӀашна дӀахезира, йийсарера юхабирзинарш Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа деш бу аьлла.


Артахь-Шашта-паччахьо цу кехатна дуьхьал, жоп луш, кехат дахьийтира: «Мехкада волчу Рахьиме а, йозанца болх беш волчу Шимшайга а, иштта массо а Шамран-гӀалахь а, кхечу Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агӀонгахь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчаьрга а. Маршаллаш ду шуьга, иштта кхин дерриш диканаш а.


ТӀаккха мехкада волчу Рахьима а, йозанча волчу Шимшайс а Ярушалаймехь дехаш долчу халкъана дуьхьал кехат яздира. Шаьш иштта довзийтира цара Артахь-Шашта-паччахьна:


«Кехат дӀаяздина дара мехкада волчу Рахьимера а, йозанча волчу Шимшайгара а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш долчу кхелахошкара а, куьйгалхошкара а. Ткъа уьш бу Тарпал-махкара а, Эрахь-махкара а, Парси-махкара а, Бавел-махкара а, Ӏейлам-махкахь йолчу Шушан-гӀалара а.


Эпрат-хил малхбузехьарчу латтанаш тӀехь хьаькам волчу Татинайс а, иштта Шатар-Бузнайс а, Эпрат-хил малхбузехь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а паччахь волчу Дари-Ваше дахьийтина кехат иштта ду.


Дикка хан яьллачул тӀаьхьа, Парси-махкахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь, Бавел-гӀалара Ярушалайме веара Хьалкхи-ЯхӀун кӀант волчу Ӏазар-ЯхӀун кӀентан Сари-ЯхӀун кӀант волу Ӏезар.


Цул тӀаьхьа цара паччахьан тхьамданашка а, Эпрат-хина малхбузехьа долу латтанаш карахь долуш болчу хьаькамашка а дӀаделира и паччахьан весеташ. ТӀаккха цу куьйгалхоша гӀо дира Исраилан халкъана а, Делан цӀенна а.


Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгӀачу шеран Нисан-баттахь паччахьна чагӀар чудеара. Аса и чагӀар, схьа а эцна, паччахье дӀакховдийра. Со гӀайгӀанехь вара. ХӀинца чул хьалха со паччахьна хьалха цкъа а цу тайпана цахиларна,


Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тӀехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Ӏебархойн маттахь ма дийца тхоьца».


«ХӀинца ас бакъдерг дӀахоуьйту хьоьга: Парси-махкахь кхин кхоъ паччахь вер ву. Цул тӀаьхьа шен боккхачу бахамца царал массарал а тоьлур ву воьалгӀаниг. Шен бахамца ша тӀех чӀагӀвелча, дерриг а халкъ грекийн пачхьалкхана дуьхьал гӀаттор ду цо.


Седа-жайна хьовсучара арамхойн маттахь элира паччахье: «Паччахь! Вехийла хьо даим! Дийцахь хьайн лешка и гӀан, тӀаккха дуьйцур ду оха цуьнан маьӀна».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios