Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 4:12 - Делан Йозанаш

12 Паччахьна дӀахоийла лаьа тхуна, хьо волчуьра арабевлла болу яхӀудхой, тхо долчу юха а бирзина, Ярушалайме бахана хилар. Уьш и аьрха а, вон а гӀала юхаметтахӀотто гӀерташ бу. Цара хӀинцале а бух а боьттина, пенаш тодеш а бу уьш.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 4:12
22 Referencias Cruzadas  

Ахь боху хьайн говзалла а ю, тӀеман ницкъ а бу, амма уьш даьсса дешнаш ду. Ткъа хьанах ю хьан дегайовхо, хьо суна дуьхьалваллал?


ЯхӀу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхӀуд-махкана тӀегӀоьртира. Кхаа шарахь Ӏийра ЯхӀу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кӀел. ТӀаккха ЯхӀу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира.


Делан цӀарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦӀадукъ-ЯхӀу. Вухахьа а ваьлла, дог чӀагӀ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза.


ХӀара бу цара Артахь-Шашта-паччахье дахьийтина долчу кехатан чулацам: «Паччахь волчу Артахь-Шаште – Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агӀонгахь бехаш болчу хьан ялхошкара.


Паччахь Артахь-Шашта, хьайл хьалха паччахьаллехь хиллачара дӀаяздайтинчу тептарш тӀе хьажийтахьара ахьа. Цигахь карор ду хьуна Ярушалайм аьрха гӀала хиларан тоьшалла. И хӀума бахьана долуш дукхахболчу паччахьашна а, мехкашна а даккхий зенаш хилла. Тоххара дуьйна цу гӀалахь гӀаттамаш хилла. Цундела иза йоха а йина.


Аса омра дина, сол хьалха паччахьаллехь хиллачара дӀаяздайтина долчу тептарш тӀехь дерг схьалаха аьлла. Билгалдаьллера Ярушалайм дукха хенахь дуьйна паччахьашна дуьхьал лаьттина хилар. Ярушалаймехь дукхазза а гӀаттамаш хилла.


Цу хенахь царна тӀевеара Эпрат-хил малхбузехьа долчу латтанашна тӀехь хьаькам волу Татинай. Цуьнца цхьаьна Шатар-Бузнай а вара, шеца цхьаьна куьйгалхой а болуш. Цара Зурбабеле а, ЮшаӀе а хаьттира: «Шуна хьан бакъо елла хӀара Делан цӀа дан а, кхуьнан пенаш дина довлийта а?» – аьлла.


Оха церан тхьамданашка хаьттира: „Шуна хьан елла бакъо хӀара Делан цӀа дан а, кхуьнан пенаш дина далийта а?“ – аьлла.


Хьананис а, цуьнца болчара а суна жоп делира: «Йийсарех кӀелхьарбаьхна болу яхӀудхой шайн махкахь бехаш, чӀогӀа яккхий халонаш а, сийсаздахар а токхуш Ӏаш бу. И массо а хӀума Ярушалайман пенаш дохийна дӀадаьхна хилар а, цуьнан кевнаш дагийна хилар а бахьана долуш ду».


Кехата тӀехь яздина дара: «Гонахарчу къаьмнашна юкъахь лелаш цхьа хабарш ду – ткъа ГӀишама дуьйцу уьш бакъ хилар – хьо яхӀудхошца цхьаьна гӀатта кечлуш ву бохуш. Цундела хьалабеш бу боху аша Ярушалайман пен. Хьо яхӀудхойн керла паччахь хир волуш ву а боху наха.


Ахьаш-Варуш волчу а веана, ХӀамана элира: «Хьан къаьмнашна юкъахь, пачхьалкх мел ю, массо а маьӀӀехь дӀасадаьржина цхьа къам ду. Кхечу къаьмнийн доцу Ӏедалш ду цу къоман, ткъа цара пачхьалкхехь дӀахӀоттийна долу Ӏедалш кхочуш а ца до. Цундела паччахьо уьш иштта лелийта ца оьшу.


Делахь а Ярушалайм-гӀалин а, ЯхӀуд-мехкан а бахархой Шена уллора дӀататтал чӀогӀа оьгӀазваханера Веза Эла. Иштта ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира.


Оцу хенахь цхьаболу седа-жайна хьовсучара яхӀудхой бахьана долуш, бахка а баьхкина, паччахье мотт туьйхира.


Делахь, хаа а хаалахь, кхета а кхеталахь: Ярушалайм-гӀала меттахӀотторах лаьцна даьлла омрана тӀера Дала къобалвинчу баьччанна тӀе кхачале, ворхӀазза ворхӀ-ворхӀ хан-зама а, кхузткъе шозза ворхӀ-ворхӀ хан-зама а ер ю. ТӀаккха меттахӀоттор ю и гӀала шен урамашца а, чӀагӀонашца а, амма халачу хенашкахь хир ду иза.


Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тӀебахкийтиначарна тӀулгаш детта ахь. Мел чӀогӀа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кӀорнеш тӀома кӀел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.


Оха къастийна: хӀара стаг нахана зуламе хилар, дуьнен чохь массо а меттехь жуьгташна юкъахь питана туьйсуш а, назартхойн тобанан куьйгалхойх цхьаъ хилар а.


Муьлххачу а зуламах ларлолаш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios