11 ХӀара бу цара Артахь-Шашта-паччахье дахьийтина долчу кехатан чулацам: «Паччахь волчу Артахь-Шаште – Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агӀонгахь бехаш болчу хьан ялхошкара.
Изабала Ахьабан цӀарах кехаташ яздира. ТӀаккха цуьнан мухӀарца уьш чӀагӀ а дина, Набути вехачу гӀалахь болчу къаношка а, цӀеяхана болчу нахе а дӀахаийтира.
Шайна гонах долчу къаьмнех уьш кхоьруш хиллехь а, цара и кхерч хьалха хиллачу метте дӀахӀоттийра. Цул тӀаьхьа Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана лерина долу дийнаташ дагоран сагӀанаш даха хӀиттира уьш.
Цаьрца цхьаьна дӀаяздора кхиболчара а, веза, сийлахь волчу Оснапарис Шамран-махка а, Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанашка дӀабигна болчу».
Паччахьна дӀахоийла лаьа тхуна, хьо волчуьра арабевлла болу яхӀудхой, тхо долчу юха а бирзина, Ярушалайме бахана хилар. Уьш и аьрха а, вон а гӀала юхаметтахӀотто гӀерташ бу. Цара хӀинцале а бух а боьттина, пенаш тодеш а бу уьш.
Эпрат-хил малхбузехьарчу латтанаш тӀехь хьаькам волчу Татинайс а, иштта Шатар-Бузнайс а, Эпрат-хил малхбузехь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а паччахь волчу Дари-Ваше дахьийтина кехат иштта ду.
Динан да а, Ӏелам стаг а волуш, Исраилан халкъана Везачу Эло тӀедехкинарш а, Цуьнан парзаш а дикка хууш волчу Ӏезаре паччахьо кехат яздина хилла. ХӀара бу цу кехатан чулацам:
Шамранхочо Ӏийсага элира: «Хьо жуьгти воллушехь, соьга, шамранхочуьнга, хи хӀунда доьху Ахь?» (Цу хенахь жуьгтийн шамранхошца уьйр яцара.)