Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 4:10 - Делан Йозанаш

10 Цаьрца цхьаьна дӀаяздора кхиболчара а, веза, сийлахь волчу Оснапарис Шамран-махка а, Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанашка дӀабигна болчу».

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 4:10
8 Referencias Cruzadas  

ЯхӀудхойн а, бен-яманхойн а мостагӀашна дӀахезира, йийсарера юхабирзинарш Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа деш бу аьлла.


ХӀара бу цара Артахь-Шашта-паччахье дахьийтина долчу кехатан чулацам: «Паччахь волчу Артахь-Шаште – Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агӀонгахь бехаш болчу хьан ялхошкара.


Артахь-Шашта-паччахьо цу кехатна дуьхьал, жоп луш, кехат дахьийтира: «Мехкада волчу Рахьиме а, йозанца болх беш волчу Шимшайга а, иштта массо а Шамран-гӀалахь а, кхечу Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агӀонгахь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчаьрга а. Маршаллаш ду шуьга, иштта кхин дерриш диканаш а.


«Паччахьийн а паччахь волчу Артахь-Шаштера динан да волчу Ӏезаре, Делан кхоччуш болчу товрат-хьехамаш тӀехь Ӏелам стаг а волчу, иштта кхидӀа а.


Шен накъосташна а, шамранхойн эскархошна а хьалха цо элира: «ХӀун деш бу кхузахь и сий доцу жуьгтий? ХӀара гӀала юхаметтахӀотто билггал ойла йолуш бу уьш? Царна шаьш сагӀанаш дохур ду моьтту те? Царна шаьш и болх сиха бина девр ду моьтту те? Цаьрга чимашна а, хоттана а юккъера тӀулгаш денлур ма дац!»


Ткъа хӀинца, тхан Дела, ва сийлахь Дела. Хьо Майраниг а, ларамах дузуьйтуш Верг а, вайна юкъахь болу безаман барт Ларбийриг а ма ву! Хьуна хьалха кӀезиг ма хетийла оха а, тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а, тхан динан дайша а, тхан пайхамарша а, тхан дайша а, дерриг а Хьан халкъо а хьоьгуш болу бала. И бала Ашур-махкарчу паччахьашна тӀера дуьйна хӀара де тӀекхаччалц оха хьоьгуш бу.


ХӀоранна а хьакъ дерриг дӀало: ял яла езачунна – ял, ясакх яла езачунна – ясакх, кхера везачух – кхера, лара везарг – лара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios