Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 4:1 - Делан Йозанаш

1 ЯхӀудхойн а, бен-яманхойн а мостагӀашна дӀахезира, йийсарера юхабирзинарш Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа деш бу аьлла.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 4:1
14 Referencias Cruzadas  

Ерриг а цигахь хилларг пхи эзар йиъ бӀе детиххий, дешиххий йина пхьегӀа яра. Шишбацара и хӀуманаш йийсархой Бавелера Ярушалайме юхабоьлхуш шеца дӀаяьхьира.


Йийсарера юхадирзина долу Исраилан халкъ цу сацамна реза хилира. ХӀора доьзалера цӀийнан хьалхара болу нах билгалбехира динан да волчу Ӏезара. ХӀора гаранера цхьацца стаг а хаьржина, церан хӀораннан а цӀераш ехира цо. Шеран уьтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь схьахаьржина болу нах охьахевшира хӀора доьзалера долу гӀуллакхаш талла.


Цо берриг а ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а долчу халкъе кхайкхам бира, массо а йийсарера юхавирзина мел волу стаг Ярушалайме схьагулло аьлла.


Царна юкъахь къасталуш дацара боьлхуш болчеран а, хазахетарца маьхьарий детташ болчеран а аьзнаш, хӀунда аьлча геннара схьахезаш дара церан аьзнаш.


Исраилан халкъо хазахетарца даздира Делан цӀа къобалдар. Царна юкъахь бара динан дай а, левихой а, иштта йийсарера юха мел бирзинарш а.


Ӏезар а, цуьнан накъостий а Бавел-гӀалара арабевллера шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь, ткъа уьш Ярушалайм-гӀала схьабаьхкинера пхоьалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь, хӀунда аьлча Шен диканца Дела цуьнца вара.


Даниал паччахьна тӀевалийра. Паччахьо, хаттар а деш, элира: «Хьо вуй сан дас, паччахьо, ЯхӀуд-махкара балийна йийсарехь болчу яхӀудхойх цхьаъ волу Даниал?


Делахь, хаа а хаалахь, кхета а кхеталахь: Ярушалайм-гӀала меттахӀотторах лаьцна даьлла омрана тӀера Дала къобалвинчу баьччанна тӀе кхачале, ворхӀазза ворхӀ-ворхӀ хан-зама а, кхузткъе шозза ворхӀ-ворхӀ хан-зама а ер ю. ТӀаккха меттахӀоттор ю и гӀала шен урамашца а, чӀагӀонашца а, амма халачу хенашкахь хир ду иза.


Суна дуьхьалбевлларш дукха белахь а, хаза кхаъ дӀакхайкхо кхузахь йоккха а, шуьйра а неӀ дӀайиллина ю суна.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios