Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 3:9 - Делан Йозанаш

9 ЮшаӀ а, цуьнан вежарий а, кӀентий а, иштта Кхадмиал а, цуьнан кӀентий а (уьш ХӀудав-ЯхӀух схьабевллера) бара Делан цӀенна тӀехь беш болчу балхана тӀехь куьйгалла деш. Иштта цаьрца бара левихой болу Хьенидадан кӀентий а, церан вежарий а, кӀентий а.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 3:9
6 Referencias Cruzadas  

Дауд-паччахьо элира: «Царах ткъе виъ эзар левихочо Везачу Элан ЦӀенна тӀехь бечу белхийн куьйгалла дийр ду. Ткъа йозанца болу белхаш бийраш а, кхелахой а ялх эзар левихо хир ву.


Балха тӀехь тешаме бара и нах. Царна тӀехьожуш дӀахӀиттийна бара Мерарин тӀаьхьенах болу левихой Яхьат а, Ӏабди-ЯхӀу а. Мерарин тӀаьхьенах болу левихой Яхьат а, Ӏабди-ЯхӀу а, иштта КхахӀатан тӀаьхьенах болу Закри-ЯхӀу а, Машулим а. Массо а левихой говза зурманчаш бара.


Левихойн тайпанах болу нах: ЮшаӀан а, Кхадмиалан а тӀаьхьенах болчу ХӀудав-ЯхӀун доьзалера – кхузткъе вейтта стаг (74).


Ярушалаймехь лаьттачу Делан цӀа долчу шаьш схьадаьхкина шолгӀачу шеран шолгӀачу баттахь Шалтаалан кӀанта Зурбабела а, ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а болх дӀаболийра. Цаьрца бара церан гергарнаш: динан дай а, левихой а, йийсарера Ярушалайме юхабирзина болу берриг нах а. Цара шайна юкъара ткъа шарал хан тӀехъяьлла болу левихой хаьржира Делан цӀа дечу белхалошна тӀехь куьйгалла латтадайта.


Цунна тӀехьа Хьенидадан кӀанта Бинуйс Ӏазар-ЯхӀун цӀенна тӀера дуьйна пен сеттачу метте кхаччалц а, цигара дӀа цуьнан маьӀиге кхаччалц а тобира пен.


Левихойн тайпанах болу нах: ЮшаӀан а, Кхадмиалан а, ХӀудавин а доьзалшкара – кхузткъе вейтта стаг вара (74);


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios