Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 3:8 - Делан Йозанаш

8 Ярушалаймехь лаьттачу Делан цӀа долчу шаьш схьадаьхкина шолгӀачу шеран шолгӀачу баттахь Шалтаалан кӀанта Зурбабела а, ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а болх дӀаболийра. Цаьрца бара церан гергарнаш: динан дай а, левихой а, йийсарера Ярушалайме юхабирзина болу берриг нах а. Цара шайна юкъара ткъа шарал хан тӀехъяьлла болу левихой хаьржира Делан цӀа дечу белхалошна тӀехь куьйгалла латтадайта.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 3:8
14 Referencias Cruzadas  

Дауд-паччахьо элира: «Царах ткъе виъ эзар левихочо Везачу Элан ЦӀенна тӀехь бечу белхийн куьйгалла дийр ду. Ткъа йозанца болу белхаш бийраш а, кхелахой а ялх эзар левихо хир ву.


Йийсаре дӀавигина хиллачу ЯхӀу-Яхинан кӀентий бара: Шалтаал,


Динан дайн тӀаьхьенах болчарна юкъара кхечу къаьмнех болу зударий балийначеран цӀераш хӀорш ю: ЮцӀдукъан кӀентан ЮшаӀан тӀаьхьенах берш а, цуьнан вежарий МаӀсей-ЯхӀу а, ЭлиӀазар а, Ярби а, Гадал-ЯхӀу а.


Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаӀ, Нахьми-ЯхӀу, Сари-ЯхӀу, РаӀал-ЯхӀу, Мардахай, Билшан, Миспар, БигӀвай, Рахьим, БаӀна. ХӀорш ю юхабаьхкинчу исраилхойн цӀераш:


Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кӀанта Зурбабела а Исраилан Далла сагӀа доккху кхерч бира, цунна тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тӀехь тӀе-ма-диллара бина дӀахӀоттийра.


Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна тӀехь беш болу белхаш сацийнера. И болх сацийначохь лаьттира Парсин-мехкан паччахь Дари-Ваша паччахьаллехь волу шолгӀа шо доладаллалц.


Амма Зурбабела а, ЮшаӀа а, тайпанийн хьалхарчу нахах кхиболчара а цаьрга элира: «ХӀан-хӀа, аша бийр бац тхоьца Делан цӀа деш болх. Оха тхаьш дийр ду Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа, парсихойн паччахь волчу Къуреша тхайна тӀе-ма-диллара».


ТӀаккха Шишбацара, юха схьа а веана, Ярушалаймехь Делан цӀийнан бух боьттира. ХӀетахь дуьйна схьа и цӀа деш а ду, хӀинца а дина далаза а ду“.


ТӀаккха Шалтаалан кӀант волу Зурбабел а, ЮцӀдукъан кӀант волу ЮшаӀ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цӀен тӀехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара.


Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгӀачу шеран, йолхалгӀачу беттан, хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элан хаам кхечира. И хаам ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀанте Зурбабелна а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанте ЮшаӀана а лерина бара.


«Кху Делан цӀийнан бух Зурбабелан куьйгаша дӀахӀоттийна, цуьнан куьйгаша хӀара цӀа чекх а доккхур ду. ТӀаккха Зурбабел волчу хьуна хуур ду массо а ницкъийн Везачу Эло Закри-ЯхӀу-пайхамар хьан халкъана тӀе ваийтинийла.


Цуьнга дӀаала, – иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Хьажал, ЗӀийдаг цӀе йолчу хӀокху стага ша волчохь зӀийдаг хьалакхиор ю, Везачу Элан цӀа юхаметтахӀоттор ду цо.


Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах багарбе.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios