Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 3:6 - Делан Йозанаш

6 Иштта шеран ворхӀалгӀачу беттан хьалхарчу деношкахь исраилхоша юха а дийнаташ дагоран сагӀанаш даха долийра, Делан цӀийнан бух хӀинца а бина бацахь а.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 3:6
6 Referencias Cruzadas  

Цул тӀаьхьа хӀора дийнахь доху дийнаташ дагоран сагӀанаш а, бутт цӀинлучу хенахь доху сагӀанаш а, кхидолу Везачу Элана лерина долу деза денош билгалдохучу хенахь доху сагӀанаш а, шайн лаамца доху сагӀанаш а даха хӀиттира уьш.


Цул тӀаьхьа йийсарера юхабирзинчара тӀулг боккхуш болчарна а, дечиг-пхьерашна а ахча лора, ткъа цӀаданхошний, цорахошний даа-мала а, зайтдаьтта а лора, цаьрга хӀорда тӀехула Ливанунера Яппе кхаччалц баганан дитташ дӀадахьийта. Парсихойн паччахь волчу Къуреша царна цу тӀехь пурба деллера.


«ДӀаала исраилхошка: „ВорхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь садаӀа. МаӀаш а локхуш, безачу гуламе нах а кхайкха, дагалацаран де а хӀоттаде цу дийнахь.


Вукху деношкахь санна болу болх ма бе, Везачу Элана лерина сагӀа даккха цу дийнахь“».


«ВорхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь, аша беза гулам дӀахӀоттабе. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. Локхучу маӀийн деза де хир ду шуна.


Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа хьалайохуьйту дийнаташ дагоран сагӀа иштта даккха: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а. Массо а и дийнаташ шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios