Ӏезар 3:5 - Делан Йозанаш5 Цул тӀаьхьа хӀора дийнахь доху дийнаташ дагоран сагӀанаш а, бутт цӀинлучу хенахь доху сагӀанаш а, кхидолу Везачу Элана лерина долу деза денош билгалдохучу хенахь доху сагӀанаш а, шайн лаамца доху сагӀанаш а даха хӀиттира уьш. Ver Capítulo |
Шайн Ӏаш йолчу меттигашкахь даа мегар дац шайн кӀен а, керлачу чагӀаран а, зайтдаьттан а Далла луш долу уьтталгӀа дакъа а, шун бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, шун уьстагӀех схьадевлла долу дуьххьарлера Ӏахарий а, ваӀданца аша Далла лун мел йолу хӀума а, шайн лаамца дӀалуш долу сагӀанаш а, Далла лерина кхидолу шун совгӀаташ а.
Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кхидолу сагӀанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгӀа дакъа а, шайн совгӀаташ а, шаьш йинчу чӀагӀонца а, шайн лаамца а луш долу сагӀанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагӀех схьадевлла долу дуьххьарлера Ӏахарий а даладе цу метте.