3 Шайна гонах долчу къаьмнех уьш кхоьруш хиллехь а, цара и кхерч хьалха хиллачу метте дӀахӀоттийра. Цул тӀаьхьа Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана лерина долу дийнаташ дагоран сагӀанаш даха хӀиттира уьш.
Уьш хӀиттийнера, цаьрга дагоран сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь массо а хенахь, Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана дагоран сагӀанаш дахийтархьама, Везачу Эло Исраилан халкъана дӀабеллачу товрат-хьехам тӀехь яздинчу массо а хӀумане хьаьжжина.
Иштта Сулим-паччахьо сагӀа даккха лерина болу цӀестан кхерч а байтира: иза ткъа дол хиллал беха а, ткъа дол шуьйра а, итт дол лекха а бара.
ТӀаккха оцу махкахь Ӏаш хиллачу нахана яхӀудхой бохо а, къахко а дагадеара, цаьрга Делан цӀа кхин дӀа ца дайтархьама.
Къуреша Шишбацаре элира: ‘ХӀара дешин а, детин а хӀуманаш, схьа а эций, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чу юха дӀахьо. Ткъа Делан цӀа ша хьалха хиллачу меттехь дӀахӀоттаде’.
СагӀа доккхучу кхерчан юкъ шийтта дол еха а, шийтта дол шуьйра а яра – иза ша еакӀов яра.