Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 3:2 - Делан Йозанаш

2 Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кӀанта Зурбабела а Исраилан Далла сагӀа доккху кхерч бира, цунна тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тӀехь тӀе-ма-диллара бина дӀахӀоттийра.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 3:2
33 Referencias Cruzadas  

Ибрамна хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ХӀара латта Ас хьан тӀаьхьенна дӀалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь.


Ткъа Муса Делан стаг вара. Цуьнан кӀентий Левин тӀаьхьенах лоруш бара.


Йийсаре дӀавигина хиллачу ЯхӀу-Яхинан кӀентий бара: Шалтаал,


Пади-ЯхӀун кӀентий бара: Зурбабел, ШамаӀи. Зурбабелан кӀентий бара: Машулим, Хьанан-ЯхӀу. Шаламат церан йиша хилла.


Ткъа хӀинца Ярушалайм-гӀала схьахаьржина Аса, Сайн цӀе язъян лерина цӀа цигахь хилийта, ткъа Дауд хаьржина Аса, Сайн Исраилан халкъана тӀехь олалла дайта“.


Динан дайн тӀаьхьенах болчарна юкъара кхечу къаьмнех болу зударий балийначеран цӀераш хӀорш ю: ЮцӀдукъан кӀентан ЮшаӀан тӀаьхьенах берш а, цуьнан вежарий МаӀсей-ЯхӀу а, ЭлиӀазар а, Ярби а, Гадал-ЯхӀу а.


Амиран тӀаьхьенах болу Хьанани а, Забди-ЯхӀу а;


Хьармин тӀаьхьенах болу МаӀсей-ЯхӀу а, Эли-ЯхӀу а, ШамӀа-ЯхӀу а, Яхьиал а, Ӏузи-ЯхӀу а;


Пашихьуран тӀаьхьенах болу ЭлъюӀейнай а, МаӀсей-ЯхӀу а, ИсмаьӀал а, Натунаил а, Юзабди а, ЭлиӀаса а;


Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаӀ, Нахьми-ЯхӀу, Сари-ЯхӀу, РаӀал-ЯхӀу, Мардахай, Билшан, Миспар, БигӀвай, Рахьим, БаӀна. ХӀорш ю юхабаьхкинчу исраилхойн цӀераш:


Ярушалаймехь лаьттачу Делан цӀа долчу шаьш схьадаьхкина шолгӀачу шеран шолгӀачу баттахь Шалтаалан кӀанта Зурбабела а, ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а болх дӀаболийра. Цаьрца бара церан гергарнаш: динан дай а, левихой а, йийсарера Ярушалайме юхабирзина болу берриг нах а. Цара шайна юкъара ткъа шарал хан тӀехъяьлла болу левихой хаьржира Делан цӀа дечу белхалошна тӀехь куьйгалла латтадайта.


ТӀаккха Шалтаалан кӀант волу Зурбабел а, ЮцӀдукъан кӀант волу ЮшаӀ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цӀен тӀехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара.


ХӀорш бу йийсарера юхабирзина болу динан дай а, левихой а. Уьш Шалтаалан кӀантаца Зурбабелца а, ЮшаӀца а цхьаьна юхабирзина хилла. Церан цӀераш: Сари-ЯхӀу, Ярми-ЯхӀу, Ӏезар,


Левихойх болу ЮшаӀ, Бинуй, Кхадмиал, Шараб-ЯхӀу, ЯхӀуд, Матан-ЯхӀу. Далла баркалла олуш долчу назманашна тӀехь жоп луш хилла Матан-ЯхӀу а, цуьнан гергарнаш а.


«Акацих сагӀа доккху кхерч бе. Иза беакӀов а болуш, бохалла а, шоралла а пхи дол хила беза, локхалла кхо дол хила беза.


Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгӀачу шеран, йолхалгӀачу беттан, хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элан хаам кхечира. И хаам ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀанте Зурбабелна а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанте ЮшаӀана а лерина бара.


ТӀаккха Шалтаалан кӀанта Зурбабела а, ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанта коьрта динан да волчу ЮшаӀа а, дисинчу дерриге а халкъо а шайн Везачу Делан озе ладуьйгӀира. Хьагай-пайхамаро шайна бинчу хааме ладуьйгӀира цара, хӀунда аьлча Хьагай церан Везачу Дала схьаваийтина вара. Везачу Эле ларамах дуьзна дара халкъ.


ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀентан Зурбабелан а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀентан ЮшаӀан а са а, дисинчу халкъан са а иракарахӀоттийра Везачу Эло. Уьш, схьа а баьхкина, шайн Делан, массо а ницкъийн Везачу Элан цӀийнаца боьзна белхаш бан буьйлабелира.


«ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Зурбабеле иштта дӀаала: „Аса стигалш а, латта а дегор ду.


Оцу дийнахь, – боху Везачу Эло, – хьо, Сан ялхо, Шалтаалан кӀант Зурбабел, Ас, схьа а эцна, Сан пӀелга тӀехь долу мухӀар санна латтор ву, хӀунда аьлча хьо Ас къастийна ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло“».


Везачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаӀ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агӀор лаьтташ долу шайтӀа а схьагайтира.


ЛадогӀал, коьрта динан да волу ЮшаӀ – ахьа а, хьуна хьалха охьахевшина Ӏаш болчу динан дайша а. Диканиг хирг хиларан билгалонаш ю шу. Ас схьавалор ву Сайн ялхо, Айса кхиийна зӀийдаг.


Цара хьайга делла детий, деший схьа а эций, таж а дай, иза коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀентан ЮшаӀан коьрта тӀе дилла.


«Исраилхошна тӀе а дуьллуш, ахьа иштта дӀаала: „Варелаш! Билгалъяьхначу хенашкахь Суна лерина долу Сан кхачанан сагӀанаш дахалаш. И сагӀанаш цӀера тӀехь даха дезаш ду, ткъа церан хьожа Суна тамехь хир ю“.


Йовди Йохьанан, Йохьан Решан, Реша Зурбабелан, Зурбабел Шалтаалан, Шалтаал Неран,


ГадӀана цига, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолчу метте, тӀулгаш дехкира, цунна, «Везачу Элан Машар» аьлла, цӀе а туьллуш. И тӀулгаш хӀинца а Абу-Ӏезаран доьзал бехачу Ӏапру цӀе йолчу юьртахь лаьтташ ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios