Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 3:11 - Делан Йозанаш

11 Хастамаш а беш, баркаллаш а бохуш, цара, кар-кара а оьцуш, Везачу Элана леринчу иллешкахь дӀаолура: «Веза Эла ма дика ву, массо а ханна бу Исраилан халкъе болу Цуьнан хедар боцу безам». Дерриг а халкъо хазахетарца мохь беттара, Везачу Элана хастамаш а беш, хӀунда аьлча Делан цӀийнан бух боьттина баьллера.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 3:11
32 Referencias Cruzadas  

Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.


Цаьрца цхьаьна, Везачу Элана хастамаш байтархьама, цигахь битинера ХӀайман, Ядутун, кхиболу, хӀораннан а цӀе а йоккхуш, схьахаьржина болу нах а, хӀунда аьлча Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.


Турба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цӀастанан жимачу негӀаршца а, кхечу гӀирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора: «Веза Эла ма дика ву! Цуьнан безам хедар боцуш бу!» Оццу юкъана Везачу Элан цӀа мархах дуьзира.


И охьайоьссина цӀе а, цу Везачу Элан ЦӀенна тӀе доьссина долу Цуьнан сийлаллин нур а шайна гича, майданахь болу берриг а исраилхой бертал ийгира. Везачу Элана хастамаш бира цара, Иза дика волу дела а, Цуьнан безам цкъа а хедар боцу дела а.


ХӀара цӀераш левихойн куьйгаллехь хиллачийн ю: Хьашби-ЯхӀу, Шараб-ЯхӀу, ЮшаӀ, Бинуй, Кхадмиал. Церан гергарнаш царна дуьххьал дӀахӀуьттуш хилла, Далла хастамаш а беш, баркалла а олуш. Цхьа тоба вукху тобане йист хуьлуш хилла. И хӀума Делан стаг волчу Дауда дӀахӀоттийна хилла.


Цул тӀаьхьа илланчийн ши тоба Делан цӀийнан кертахь шайн-шайн йолчу метте дӀахӀоьттира. Со а, хьаькамийн ахтоба а дӀахӀоьттира тхешан метте.


Къайлаха шайна уллорачарна луьйш берш ас дӀасовцор бу. Кура бӀаьргаш а, кура дог а дерш сайна уллохь хуьлуьйтур бац.


Царна тӀехь шайн баннаш до олхазарша, ткъа аисто шен бен лекхачу диттана тӀехь бина.


Хастам бе Везачу Элана Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!


Даудан назма.


А дамаш декъала хуьлу цӀеначу некъаца лелча, Везачу Элан товрат-хьехам тӀехь а лаьтташ.


Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Дагаваийтахьа, Веза Эла, Дауд а, цуьнан холчу хӀиттар а,


Баркалла ала олалла дечеран Везачу Элана – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.


Йиш. Кхорахьан тӀаьхьенан назма.


Паччахьаш, цхьаьна а кхетта, гӀалина тӀелата тӀебахара.


Марема царна эшар лекхира: «Хастам бе Везачу Элана, Цо динарг сийлахь ду. Дин а, бере а хӀорда чу кхоьссина Цо».


Мохь хьоькхуш доккхаде, Цийонан халкъ, хӀунда аьлча Исраилан Везаниг хьуна юкъахь сийлахь ву».


Хазахетарца, яккхийъейша, стигалаш, хӀунда аьлча Везачу Эло дина иза! Хазахетаран гӀовгӀа яккхийша, лаьттан бухахь йолу меттигаш! Хазахетарца декийша, лаьмнаш, хьаннаш, церан дерриг а дитташ! Якъубан тӀаьхье Везачу Эло паргӀатъяьккхина ю, Исраилан халкъана юкъахь Шен сийлалла гойту Цо.


Вовшашка кхойкхуш, бохура цара: «Веза ву, веза ву, веза ву массо а ницкъийн Веза Эла! Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!»


синкъераман а, хазахетаран а аьзнаш, зуда ялош волчун а, маре йоьдучун а аьзнаш. Иштта хезаш хир ду баркаллин сагӀанаш Сан деза цӀа долчу дахьачеран аьзнаш а. Цара эр ду: „Баркалла ала массо а ницкъийн Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу“. Иза иштта хир ду, хӀунда аьлча Ас хӀокху мехкан аьтто, хьалха санна, юхаметтахӀоттор бу», – боху Везачу Эло.


„Мила висина шуна юкъахь, хӀара цӀа цуьнан хьалха хиллачу сийлаллехь гина верг? Ткъа хӀинца муха гуш ду шуна хӀара? Шун бӀаьргашна хьалха цхьа а доцург ца хилла ткъа цунах?


Ва боккха лам, хьо хӀун ю? Зурбабелана хьалха хьох шера аре хир ма ю! Цо тӀаьххьара тӀулг буьллучу хенахь, наха гӀовгӀа йоккхур ю: ‘Далла бу хастам! Цуьнан дикачун дуьхьа ду иза!’ – бохуш“».


Везачу Эло боху: «ЧӀогӀа хастамаш бе, Цийонан йоӀ! хазахетарца цӀогӀа тоха, Ярушалайман йоӀ! Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогӀуш! Нийса а, толам баьккхина а ву иза. Делахь а цуьнан эсала амал ю Иза вирана тӀехиъна вогӀу, боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!


Цуьнан къинхетам тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка Цунах кхоьручарах бу!


Иштта Везачу Элан тӀорказ, гӀалех цхьа го а боккхуш, дӀадаьхьира. Цул тӀаьхьа уьш, шайн меттамотт болчу юха а баьхкина, цигахь буьйса йоккхуш севцира.


ГӀала а, дерриг а цу чохь дерг а Везачу Элана лерина ду. Нахаца лелаш йолу Рахьаб а, цуьнан цӀера нах а дийна бита, хӀунда аьлча цу зудчо вай бахийтина нах къайлабаьхнера.


Исраилхойн динан дайшка, тӀе а кхайкхина, Нунин кӀанта ЮшаӀа элира: «Бартбаран тӀорказ дӀахьо. ВорхӀ динан дас ворхӀ маӀа хьо, Везачу Элан тӀорказна хьалха а яккхий».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios