Ӏезар 3:10 - Делан Йозанаш10 ГӀишлоярхой Делан цӀийнан бух боьттина бевлира. ТӀаккха динан дайша, шайн духарш тӀе а дуьйхина, турбанаш каралецира, ткъа левихо волчу Асайпин кӀенташа схьаийцира шинна а куьйгаца вовшахдетташ долу цӀестан жима негӀарш. Цара массара а шайн-шайн меттигаш дӀалецира Везачу Элана хастамаш бан. И хӀума цара Исраилан паччахь хилла волчу Даудан весетаца дира. Ver Capítulo |
Дауда а, Асайпа а, ХӀаймана а, Дауд-паччахьна лерина Делера дерг гуш волчу Ядутун-пайхамаро а шайна тӀедиллина ма-хиллара, Асайпан тӀаьхьенах болу зурманчаш шайн гӀуллакх дан билгалъяьхначу меттигашка дӀахӀиттийра. Иштта хӀора кевнан гӀаролхо а вара шен-шен меттехь лаьтташ. Церан вежарий болчу левихоша кечйора царна оьшург, цундела уьш шаьш гӀуллакх деш болчуьра меттахбовла оьшуш дацара.
Зурманчаш болу берриге а левихой – Асайп, ХӀайман, Ядутун, церан кӀентий а, вежарий а – тӀехь дуткъачу кӀадих дина духар а долуш, цӀастанан жима негӀарш а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, сагӀа доккхучу кхерчан малхбалехьа агӀор лаьтташ бара. Цаьрца цхьаьна цхьа бӀе ткъа динан да вара, турбанаш лоькхуш.