Ӏезар 2:2 - Делан Йозанаш2 Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаӀ, Нахьми-ЯхӀу, Сари-ЯхӀу, РаӀал-ЯхӀу, Мардахай, Билшан, Миспар, БигӀвай, Рахьим, БаӀна. ХӀорш ю юхабаьхкинчу исраилхойн цӀераш: Ver Capítulo |
Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кӀанта Зурбабела а Исраилан Далла сагӀа доккху кхерч бира, цунна тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тӀехь тӀе-ма-диллара бина дӀахӀоттийра.
ТӀаккха Шалтаалан кӀанта Зурбабела а, ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанта коьрта динан да волчу ЮшаӀа а, дисинчу дерриге а халкъо а шайн Везачу Делан озе ладуьйгӀира. Хьагай-пайхамаро шайна бинчу хааме ладуьйгӀира цара, хӀунда аьлча Хьагай церан Везачу Дала схьаваийтина вара. Везачу Эле ларамах дуьзна дара халкъ.