Ӏезар 2:1 - Делан Йозанаш1 ХӀорш бу цу мехкан массо а маьӀӀера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дӀабигна хилла, ткъа хӀинца Ярушалайме а, ЯхӀуд-махка а хӀора стаг шен-шен гӀала юхавирзина. Ver Capítulo |
Цул тӀаьхьа йийсарера юхабирзинчу наха дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура Исраилан Далла лерина. Массо а Исраилан халкъан дуьхьа шийтта сту а, безткъе ялхитта уьстагӀ а, кхузткъе вуьрхӀитта Ӏахар а сагӀина беара цара. Иштта цара шийтта бож къинах долу сагӀа санна еара. И массо а бежана цара дийнаташ дагоран сагӀанаш санна еара Везачу Элана.
Сихха схьагулбира цу тайпана кехаташ яздеш болу паччахьан ялхой. Иза дара кхоалгӀачу Сиван-беттан ткъе кхоалгӀа де. Цара, Мардахайс ма-аллара, кехаташ яздира жуьгташка а, Индина тӀера Хуша-махкана тӀекхаччалц долчу бӀе ткъе ворхӀ латтанан тхьамданашка а, куьйгалхошка а, баьччанашка а. И кехаташ массо а меттигехь Ӏаш долчу халкъийн маттахь а, церан йозанца а яздина дара, ткъа жуьгташка яздина долу кехаташ церан шайн маттахь а, церан абат тӀера элпашца а яздина дара.