Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 10:8 - Делан Йозанаш

8 Кхаа дийнахь цига ваза висинчу стеган мел долу хьал хьаькамаша а, къаноша а кхел ма-ярра, цуьнгара схьадоккхур ду аьлла хилла, ткъа иза ша йийсарера юхабирзинчеран гуламна юкъара дӀавоккхуш хилла.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 10:8
14 Referencias Cruzadas  

Цо берриг а ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а долчу халкъе кхайкхам бира, массо а йийсарера юхавирзина мел волу стаг Ярушалайме схьагулло аьлла.


Кхо де дӀадалале, ЯхӀуд-махкара а, Бен-Яман-махкара а мел волу стаг Ярушалайме схьагулвелира. Иза хилла уьссалгӀачу беттан ткъолгӀачу дийнахь. Цу дийнахь дерриг а халкъ Делан цӀенна хьалха йолчу кертахь охьахиъна Ӏаш дара. ГӀуллакхан дозаллина а, догӀуш догӀа хиларна а уьш чӀогӀа бегош бара.


Хьан Делан товрат-хьехамашца а, я паччахьан Ӏедалца а бохуш дерг ца динчунна кхоччуш таӀзар дан догӀуш ду. Цо диначуьнга хьаьжжина, иза вийна, я кхечу махка дӀаэккхийна, я цуьнан бахам схьабаьккхина, я набахти чу воьллина хила везаш ву».


ЯхӀу-ЯдаӀ динан коьрта да волчу Элишубан кӀант вара. Ткъа ЯхӀу-ЯдаӀан цхьа кӀант хьоронхо волчу Санбулатан нуц вара. Иза аса Ярушалайм-гӀалара эккхийна дӀавахийтира.


И товрат-хьехам шайна дӀахезча, исраилхоша кхидолу къаьмнех мел верг шайх дӀакъастийра.


Шен долахь долчух стага, гуттаренна а, Везачу Элан дӀа ца боьрзу бахам санна, лерина мел хилийтинарг – я адам, я даьхни, я кха – духкуш а, юхаоьцуш а хила мегар дац. Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам мел хилийтинарг Цунна бен дӀакъастийна дац.


Цо цаьрга а ла ца догӀахь, динан гуламе дӀадийца. Цо цаьрга а ла ца догӀахь, кхечу къаьмнех болчу нахаца я ял схьагулъеш болчаьрца санна, юкъаметтиг лелае цуьнца.


Гуламан цӀенойх дӀакъастор ду шу. Цул сов, тӀекхочуш ю и зама, муьлххачунна а, шух цхьаъ ша вийча, ша Далла гӀуллакх до моьттуш.


Иштта жоп делира цуьнан дас-нанас, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна. ХӀунда аьлча куьйгалхоша барт бинера, нагахь хьаъа а Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла ларахь, иза гуламан цӀийнах дӀакъасто.


Ткъа динан куьйгалхоша цуьнга жоп делира: «Хьо-х верриг а къинош юкъахь вина ву. Ахь хьоьхур дара тхуна?» Иза а аьлла, гуламан цӀийнах дӀакъастийра цара и стаг.


Локхучу маӀийн аз ма-хеззи, халкъо цхьаьний чӀоггӀа мохь туьйхира – гӀалин пен охьабуьйжира. Берриг а исраилхой шаьш лаьтташ болчуьра гӀали чу бахара, цара схьаяьккхира иза.


Цул тӀаьхьа Исраилан халкъо хаьттира: «Исраилхойн тайпанах болчарах мила ву хӀокху гуламе Везачу Элана хьалха ваза виснарг?» Цара иза хоьттура, хӀунда аьлча доккха неӀалт дара царна аьлла. Везачу Элана хьалха МицӀпе ваза виснарг вуьйр ву аьлла, йина чӀагӀо а яра.


Цо, ши сту схьа а лаьцна, царах дакъош а дина, уьш Исраилан мехкан массо а маьӀӀе цу геланчашка дӀасадахьийтира, массарна дӀа а хоуьйтуш: «Иштта доькъур ду Шауланий, Шамъаланий тӀаьхьа ца хӀиттинчеран стерчий», – аьлла. Адам Везачу Элах а, Цо ницкъ беллачу Шаулах а чӀогӀа кхераделира. Массо а адам, цхьаъ санна хилла дӀахӀоьттина, цунна тӀе дахара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios