Ӏезар 10:6 - Делан Йозанаш6 Цул тӀаьхьа Ӏезар, Делан цӀенна уллора юьстах а ваьлла, Элишубан кӀентан ЯхӀу-Хьанин цӀа чу вахара. Цу чохь яа хӀума а ца юуш, мала а ца молуш буьйса яьккхира цо, хӀунда аьлча, йийсарера юхабирзинчара Далла тешаме доцург лелийна хилар бахьана долуш, чӀогӀа гӀайгӀане вара иза. Ver Capítulo |
ТӀуби-ЯхӀуна йоккха цхьа чоь дӀаелира. Тохара цу чоьнна чу наха деанера кӀен сагӀанаш а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, пхьегӀаш а, иштта левихошна а, илланчашна а, Делан цӀийнан кевнехь болчу гӀаролхошна а деана долчу ялтих а, керлачу чагӀарх а, зайтдаьттанах а уьтталгӀа дакъа а, иштта динан дайшна деана долу совгӀаташ а.
Динан коьрта да волчу Элишуба а, динан дай болчу цуьнан гергарчара а, хьала а гӀевттина, УьстагӀийн ков юхаметтахӀоттийра. Цара, и ков Далла лерина хилийта къобал а дина, цуьнан неӀарш дӀахӀиттийра. Цу динан дайша Ярушалайман пен дӀахӀоттийра Меа цӀе йолчу бӀаьвнна тӀера Хьананиал цӀе йолчу бӀаьвнна тӀе кхаччалц. Цул тӀаьхьа цу гӀалин пенан дакъа Далла лерина хилийта къобалдира.