Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 10:5 - Делан Йозанаш

5 Ӏезар хьалагӀаьттира. Цо динан дайн хьаькамашка а, левихошка а, дерриг а Исраилан халкъе а чӀагӀо яйтира, цара Шихан-ЯхӀус аьлларг дийр ду аьлла. Цара и чӀагӀо йира.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 10:5
10 Referencias Cruzadas  

Ткъа хӀинца тхоьга тхан Далла хьалха барт байтахьара ахьа, хӀара зударий а, цара дина долу бераш а оха дӀадохуьйтур ду аьлла. Сан эла волчу ахьа а, иштта Далла хьалха ларамах буьзна болчу наха а хьоьхуш дерг оха тӀелоцур дара, товрат-хьехамашца тхо лелар а дара.


шайн вежарий болчу лоруш болчарах дӀа а кхетта, сардаман таӀзарх иштта чӀагӀо йо: Дала Шен ялхо волчу Мусагахула белла товрат-хьехамаш лар а бийр бу оха, вайн Хьалдолчу Везачу Эло мел дина весеташ а, тӀедехкинарш а, парзаш а леррина кхочуш а дийр ду оха.


Аса цу нахе бехк а баьккхира, царна неӀалт а кхайкхийра, царах цхьаболчарна етта а йиттира, церан месаш а ийзош. Делан цӀарах иштта чӀагӀо яйтира ас цаьрга: «Дала тхуна таӀзар дойла, оха тхайн зудабераш цаьрга маре дахийтахь а, я церан зудабераш тхайн кӀенташна даладахь а, я оха-тхаьш церан зударий балабахь а.


ТӀаккха хьал долуш болчу наха а, хьаькамаша а элира: «Оха массо хӀума а царна юхалур ду, кхин цаьргара хӀума а йоккхур яц. Ахьа аьлларг кхочушдийр ду оха». ТӀаккха аса динан дайшка схьакхайкхира. Аса хьал долуш болчу нахе а, хьаькамашка а Далла хьалха чӀагӀо яйтира, уьш шаьш аьллачунна тӀера бевр бац аьлла.


Хьекъал дерг ладугӀуш хуьлийла, шен хьекъал совдоккхуш а хуьлийла, ткъа кхетам болу нах шайн дахаран новкъахула дӀабуьгуш хуьлийла.


Ма ирсе хуьлу нийса жоп луш верг, мел дика хуьлу-кх шен меттехь аьлла дош а!


ДухӀи а, хаза хьожа а бахьана долуш стеган дог доккхадоь, иштта доттагӀчо даггара до хьехар – иза доттагӀаллин марзо ю.


Хьехар де хьекъал долчунна, цуьнан хьекъалалла кхин а совдер ду. ДогцӀена долу стаг Ӏамаве – цуьнан хаарш кхин а алссам хир ду.


Амма Ӏийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цӀарах тӀедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КӀант волу Дала леррина Къобалвинарг?»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios