Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 10:3 - Делан Йозанаш

3 Ткъа хӀинца тхоьга тхан Далла хьалха барт байтахьара ахьа, хӀара зударий а, цара дина долу бераш а оха дӀадохуьйтур ду аьлла. Сан эла волчу ахьа а, иштта Далла хьалха ларамах буьзна болчу наха а хьоьхуш дерг оха тӀелоцур дара, товрат-хьехамашца тхо лелар а дара.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 10:3
25 Referencias Cruzadas  

Цул тӀаьхьа халкъе а, паччахье а Везачу Элаца барт байтира ЯхӀу-ЯдаӀа, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама. Иштта паччахьна а, халкъана а юкъахь а барт бира ЯхӀу-ЯдаӀа.


ХӀинца Исраилан халкъан Везачу Элаца барт бан дагадеана суна, Цуьнга Шен чӀогӀа йолу дералла вайна тӀера дӀаяккхийтархьама.


ЯхӀуд-махкахь, адамашна цхьаалла а луш, Дала халкъ иракарахӀоттийра, Везачу Эло аьлла ма-хиллара, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а омра кхочушдархьама.


«Даха а гӀой, сан дуьхьа а, исраилхошна а, яхӀудхошна а юкъара дийна бисинчеран дуьхьа а оцу карийначу тептар тӀехь долчух лаьцна Везачу Элах дагавалийта. Везачу Элан дералла вайна тӀехь чӀагӀъелла, хӀунда аьлча хӀокху тептаран дешнашка ладоьгӀна ца хилла вайн дайша. Вайх лаьцна цу тӀехь яздина мел хиллачуьнга хьаьжжина, ца лелла уьш».


‹Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дӀа а хезна, хьан дог кӀад а луш, ахьа Далла хьалха хьо лахварна а, хьайн тӀехулара бедар этӀа а йина, Суна хьалха лах а луш, хьо велхарна а, Суна а хьо дӀахезна, – боху Везачу Эло. –


Шаьш динчунна вайн дайн Дела волчу Везачу Элана хьалха мукӀарло де, ткъа Цуьнан лаам кхочуш а бе. Шайна гонах дехаш долчу адамех а, царах болчу шайн зударех а дӀакъаста».


Уьш массо а кхечу къомах болу зударий балийна бара. Царах цхьаболчеран цу зударша дина бераш а дара.


Кхо де дӀадалале, ЯхӀуд-махкара а, Бен-Яман-махкара а мел волу стаг Ярушалайме схьагулвелира. Иза хилла уьссалгӀачу беттан ткъолгӀачу дийнахь. Цу дийнахь дерриг а халкъ Делан цӀенна хьалха йолчу кертахь охьахиъна Ӏаш дара. ГӀуллакхан дозаллина а, догӀуш догӀа хиларна а уьш чӀогӀа бегош бара.


ТӀаккха, йийсарера юхабирзинчара леладо хьарам гӀуллакхаш бахьана долуш, Исраилан Дала аьллачунна вегош мел волу стаг со волчу схьагулвелира. ЧӀогӀа гӀайгӀане волу со суьйранна сагӀа доккху хан тӀекхаччалц Ӏийра.


МухӀар а тоьхна, цу бартана кӀелахь куьг яздинарш бара: Хьахли-ЯхӀун кӀант, мехкада волу Нахьми-ЯхӀу а, ЦӀадукъ-ЯхӀу а. Динан дай:


Везачу Эло Муса-пайхамарехула Ша белла болу товрат-хьехамаш толлучу хенахь царна хӀара карийра: шеран ворхӀалгӀачу беттан дезде даздечу хенахь Исраилан халкъ кхалораш чохь Ӏан дезара.


И массо хӀума а бахьана долуш, оха бохо йиш йоцуш болу барт бо, иза кехатна тӀехь дӀа а язбеш. Тхан куьйгалхоша а, левихоша а, динан дайша а цу бартана кӀел куьг яздо, иза мухӀарца чӀагӀ а беш».


И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац? И дерриг а иштта хилла дӀахӀоьттина дацара? – боху Везачу Эло. – Ша кӀезиг хетачуьнга а, дог доьхна волчуьнга а, Сан дашна вегавеш волчуьнга а Сан ларам бу.


Сан хьехамна а, тоьшаллина а догӀучуьнга бен ла ма догӀа. Оцу наха дуьйцург Делан дашца ма ца догӀу – церан Делан нур дац!


Цо элира: «Ярушалаймехула дӀа а гӀой, гӀалахь мел лелош долу дегаза хӀуманаш бахьана долуш гӀайгӀа еш, узарш деш болчу нехан хьаж тӀехь билгало е».


Тахана шу кхузахь лаьтташ ду шайн Везачу Дала шуьца беш болчу барте дахкархьама а, оцу бертан тӀедожораш дӀаэцархьама а,


Галгал олучу меттехь болчу исраилхойн меттаматте а баьхкина, цара ЮшаӀе а, исраилхошка а элира: «Тхо вуно генарчу махкара даьхкина, тхоьца барт бахьара аша».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios