Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 10:2 - Делан Йозанаш

2 ТӀаккха Ӏейламан тӀаьхьенах волчу Яхьиалан кӀанта Шихан-ЯхӀус Ӏезаре элира: «Тхо тхайн Далла тешаме ца хилла, тхайна гонах дехаш долчу къаьмнийн зудабераш тхайна маре а дуьгуш. Оха и хӀума лелийнехь а, Исраилан халкъан кхин а сатуьйсийла йисина.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 10:2
17 Referencias Cruzadas  

Ӏейламан тӀаьхьенах болчарна юкъара: Матан-ЯхӀу а, Закри-ЯхӀу а, Яхьиал а, Ӏабди а, Еримати а, Эли-ЯхӀу а.


Ӏейлам-гӀала цӀе йолчу вукху гӀалара бахархойн тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254);


Ӏейламан тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254);


Ӏейламан тӀаьхьенах – Ӏатал-ЯхӀун кӀант ЯшаӀ-ЯхӀу а, цуьнца кхузткъе итт боьрша стаг а;


И хӀума чекхдаьллачул тӀаьхьа со волчу Исраилан куьйгалхой баьхкира. Цара элира: «Исраилан халкъана гонах канаӀанхой а, хьетахой а, перезахой а, явсайхой а, Ӏамминхой а, муабахой а, мисархой а, эмархой а Ӏаш бу. Оцу къаьмнаша Далла хьалха дегаза гӀуллакхаш леладо. Ткъа Исраилан халкъ, иштта динан дай а, левихой а, дӀа ца къаьстира оцу къаьмнех а, цара лелочух а.


Исраилхоша шайна гонах дехаш долчу халкъийн зударий балор бахьана долуш, Делан долахь долу халкъ кхечу къаьмнех дӀаийнера. И къа шайх леточеран могӀаршкахь бара мехкан куьйгалхой а, кхиболу хьаькамаш а».


Ткъа хӀинца тхуна хезаш ду, шу а и тайпана доккха зуламаш лелош ду бохуш. Хийрачу къаьмнех болу зударий шайна балорна, шу Далла тешаме ма дац!“


Царна тӀехьа ЦӀадукъин кӀанта Амира шен цӀенна дуьххьал болу пен тобира. Шихан-ЯхӀун кӀанта ШамӀа-ЯхӀус цунна уллохь долу дакъа тодира. ШамӀа-ЯхӀу малхбалехьа долчу кевнан хехо вара.


Ӏейламан тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254);


Ӏейламан тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг вара (1254);


Ларлолахь, хьо дӀавогӀуш болчу махкарчу нахаца берта ма гӀолахь, иза хьуна гур санна ца хилийтархьама.


Стага шен къинош лечкъош хилча, цуьнан аьтто хир бац, амма, цо уьш тӀе а лаьцна, ша нийса лелаш цахилар нахана дӀа а хаийтина, уьш дӀатасахь, цунах къинхетам бийр бу.


Амма стаге озабезамца шу хьовсахь, аша къа латадо, товрат-хьехамо шу, зуламхой санна, бехкедо.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios