Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 10:1 - Делан Йозанаш

1 Делан цӀенна хьалха суждане а воьдуш, воьлхуш, халкъо летийначу къиношна ша къера хилар а дуьйцуш, Ӏезара доӀа дечу хенахь, цунна гонах дуккха а исраилхой гулбелира. Царна юкъахь божарий а, зударий а, бераш а дара. Уьш а чӀогӀа боьлхуш бара.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 10:1
29 Referencias Cruzadas  

ДӀахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доӀа а, Хьайн Исраилан халкъан доӀанаш а, цара, хӀокху меттехьа а бирзина, Хьайга доӀа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Ӏаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доӀа дӀа а хазий, гечдехьа тхуна.


Везачу Эло элира: «Суна схьахезира хьан доӀа а, хьан Соьга долу дехар а. Ахь хӀоттийна долу Сан цӀа Ас къобалдира, даим а цигахь Сайн цӀе язъяйтархьама. Ас иза Ӏалашдийр ду, даим дагахь а латтор ду.


Везачу Элана хьалха лаьтташ бара яхӀудхойн берриге а божарий шайн карарчу берашца а, зударшца а, улло даьхначу берашца а.


„Нагахь санна тхуна тӀе цхьа бохам хӀоттахь: хуьлийла иза я таӀзар деш долу тур, я цамгарийн ун, я мацалла, тӀаккха тхо хӀокху цӀенна хьалха Хьуна хьалха дӀахӀуьттур ду, хӀунда аьлча Хьан цӀе кху цӀа чохь ю. Тхо гаттаделла хьаьвзича, Хьоьга кхойкхур ду. Ткъа Ахьа, тхо дӀа а хезна, кӀелхьардохур ду“.


Цул тӀаьхьа Ӏезар, Делан цӀенна уллора юьстах а ваьлла, Элишубан кӀентан ЯхӀу-Хьанин цӀа чу вахара. Цу чохь яа хӀума а ца юуш, мала а ца молуш буьйса яьккхира цо, хӀунда аьлча, йийсарера юхабирзинчара Далла тешаме доцург лелийна хилар бахьана долуш, чӀогӀа гӀайгӀане вара иза.


И хӀума сайна хезча, со, охьа а хиъна, вилхира. Масийтта дийнахь тийжа а тийжаш, марха а кхобуш, стигаларчу Далла хьалха доӀанаш дора аса.


Хьан лергаш ладугӀуш хуьлийла, Хьан бӀаьргаш схьабиллина хуьлийла дийнахь а, буса а, Хьайна хьалха Хьан лай долу Исраилан халкъ доьхуш доӀа деш волчу Хьайн лай волчу сан доӀа дӀахазахьа. Исраилхой долчу оха, со а, сан ден доьзал а цу чу а богӀуш, Хьуна дуьхьал летийначу къинойх лаьцна мукӀарло до аса.


«Ткъа халкъан кхиболчара – динан дайша а, левихоша а, Делан цӀийнан кевнехь болчу гӀаролхоша а, илланчаша а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхоша а, Делан товрат-хьехаман дуьхьа шаьш кхечу къаьмнех болчарах дӀа мел къаьстиначара а, шайн зударшца а, кхетам болуш болчу массо а шайн кӀенташца а, йоӀаршца а –


Цул тӀаьхьа мехкада волчу Нахьми-ЯхӀус а, динан да а, Ӏелам стаг а волчу Ӏезара а, иштта нахана хьоьхуш болчу левихоша а элира: «Тахана шун Везачу Далла дӀакъастийна долу де ду. Сингаттаме а ма хила, делха а ма делха». Цара иштта элира, хӀунда аьлча товрат-хьехамашка ладугӀучу хенахь адам доьлхуш дара.


Цунна бакъдерг а, нийсо а еза. Везачу Элан хедар боцу безамах дуьзна ду латта.


Нагахь аша Везачу Эле ла ца догӀахь, со къайла а ваьлла, воьлхур ву, шун куралла бахьана долуш. Сан белхар къаьхьа хир ду, Сан бӀаьргаш хих буьзна хир бу, Везачу Элан жа йийсаре дӀадигна хиларна.


Сан коьртах хин хьоста хилла делара, сан бӀаьргех хин шовда хилла делара! Дийнахь а, буса а воьлхур вара со, сан хьомечу къомах хӀаллакбинчарна.


Аса а, сан Исраилан халкъо а летийначу къиношна со къера хилар дӀадийцира ас доӀанехь. Сайн Делан ломах лаьцна дехар а дӀаделхийра ас сан Везачу Далла хьалха.


Исраилан халкъ! Юхадерзахьа хьайн Везачу Далла тӀе! Хьан къиноша ма галдалийтина-кх хьо.


Ткъа Даудан цӀенна а, Ярушалайм-гӀалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доӀанийн са шортта тӀеӀанор ду Ас. ТӀаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тӀера санна, уьш гӀайгӀане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гӀайгӀане хиларе терра.


Шайх даьллачу къиношна Далла хьалха дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхдохуьйтура наха Яхьъяга.


Уьш Ярушалаймана улло кхаьчча, гӀала а гина, Ӏийсан бӀаьргех хи делира.


Корнила жоп делира: «Кхо де хьалха хӀокху хенахь сайн чохь ламаз деш вара со, делкъал тӀаьхьа кхо сахьт даьллера. ЦӀеххьана суна хьалха къегаш духар а дуьйхина стаг хӀоьттира.


Тхан цигара хан чекхъяьлча, тхо кхин дӀа а дахара. Цара массара а шайн зударшца а, берашца а тхо гӀалара новкъа дехира. ХӀордан йистехь, гора а хӀиттина, доӀа дира оха.


Исраилан халкъах йоккха гӀайгӀа а, лазам а бу сан даг чохь.


Схьагулделаш халкъ: божарий, зударий, бераш, шун гӀаланашкахь хин болу шуна тӀебогӀун берш а. ЛадогӀийта цаьрга, Ӏамийта уьш шун Везачу Деле ларамах дуьзна хила а, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдайта а.


Шен бедарш а этӀийна, Везачу Элан тӀорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Ӏиллира ЮшаӀ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тӀе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш.


Дерриге а Мусас тӀедиллинчунна юкъара цхьа дош а ца дисира ЮшаӀа берриг а исраилхошна хьалха дешаза. Халкъана юкъахь, божарел сов, зударий а, бераш а, исраилхошна юкъахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах а бара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios