Ӏезар 1:9 - Делан Йозанаш9 Цигара араяьхна йолу хӀуманаш хӀорш ю: дешин бошхепаш – ткъе итт; детин бошхепаш – цхьа эзар; арсаш – ткъе исс; Ver Capítulo |
Дерриге а гӀуллакхаш дина чекхдевлча, дисина ахча паччахье а, ЯхӀу-ЯдаӀе а дӀаделира цара. Оцу ахчанах Везачу Элан цӀа чу дӀахӀитто пхьегӀаш яйтира. Иштта Везачу Элана гӀуллакх дан лерина пхьегӀаш а, дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарна лерина пхьегӀаш а, кедаш а, кхийолу дашо а, дато а пхьегӀаш яйтира. ЯхӀу-ЯдаӀ вехаш мел хиллачу хенахь, Везачу Элан цӀийнан кертахь хӀора дийнахь даим дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура.