Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Ӏезар 1:7 - Делан Йозанаш

7 Къуреш-паччахьо Везачу Элан массо а хӀума арадаьккхира, Набухди-Нецара, Ярушалаймера ара а даьккхина, шен харцделанийн цӀа чу охьадиллина долу.

Ver Capítulo Copiar




Ӏезар 1:7
13 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀийнан хазни чохь мел йолу хӀума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хӀума а дӀаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цӀенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хӀуманаш дӀаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо.


Керла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхӀу-Яхин дӀа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цӀа чуьра еза пхьегӀаш а яхьаш, иза Бавел-гӀала дӀавалаве аьлла, омра а дина. ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дӀахӀоттийра цо ЯхӀу-Яхин гергара волу ЦӀадукъ-ЯхӀу.


Делан цӀа чуьра яккхий а, кегий а ерриге а пхьегӀаш а, Везачу Элан цӀийнан хазни чуьра а, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а хазнаш чуьра а дерриг хӀума а Бавел-гӀала дӀадахьийтира цо.


Везачу Элан цӀа чуьра пхьегӀийн цхьа дакъа цо Бавел-гӀала дӀадаьхьира. Набухди-Нецара шен динан цӀа чу охьаехкира уьш.


Набухди-Нецара, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чуьра ара а яьхна, Бавелехь долчу деланийн цӀа чу яьхьна йолу дешин а, детин а пхьегӀаш, Къуреша, юха а Бавелехь долчу деланийн цӀа чуьра ара а яьхна, ЯхӀудан мехкада хӀоттийна волчу Шишбацаре дӀаелира.


Делан цӀенна чуьра йолу дашо а, дато а пхьегӀаш, Набухди-Нецара Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чуьра схьа а эцна, Бавел-гӀала дӀаяьхьна йолу, шайн метте Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чу юхаерзо еза. Царах йолу хӀора хӀума Делан цӀа чу шайн-шайн метте охьайилла еза».


Ас Бавелехь таӀзар дийр ду Вел-харцдалла: цо дӀа мел кхаьллинарг Ас схьатосуьйтур ду. Иза волчу халкъаш кхин оьхур дац! Бавелан пенаш а охьаэгна ду.


ТӀаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхӀуд-мехкан паччахь волу ЯхӀу-Якхам. ЯхӀу-Якхам-паччахь а, кхин дӀадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанӀар-махкара шен делан цӀа чу дӀадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гӀалара Делан цӀа чуьра цхьайолу еза хӀуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цӀа чуьра хазнина тӀе дӀаяхьийтира цо.


ткъа стигалшкара Везачу Элана дуьхьал а ваьлла, Цуьнан ЦӀенна чуьра пхьегӀаш яийтира ахь. Ахьа а, хьан уллорчу куьйгалхоша а, хьан зударша а, хьан гӀарбашаша а царна чуьра чагӀар мийлира. ХӀумма а гуш, хезаш, хууш боцу дато а, дашо а, йоьзан а, аьчкан а, дечиган а, тӀулган деланаш ахь, базбеш, хастийра. Ткъа хьан садеӀар а, ахь мел боккху ког а карахь волчу Делан ахь сий ца дира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios