6 Массо а лулахоша шайн лаамца гӀо дора царна совгӀаташца. Цара детин пхьегӀашца а, дешица а, бахамца а, кира лелочу даьхница а, шайн лаамехь деллачу совгӀаташца а гӀо дора царна.
Массо а тайпана сагӀина хӀума еанчу оцу наха шайн даггара а, боккхачу лаамца а Везачу Элана сагӀа дарна, хазахеттера халкъана. Иштта чӀогӀа хазахетта вара Дауд-паччахь а.
Дийна бисина болу исраилхой болчу меттигашкарчу бахархоша гӀо дан деза цу нахана. Царна дети а, деши а, бахам а, кира лело даьхни а, шайн лаамца делла совгӀаташ а ло, Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна лерина долу».
ДоьалгӀачу дийнахь оха, Делан цӀа долчу а дахана, оза а узуш, деши а, дети а, пхьегӀаш а динан да волчу УръяхӀун кӀанте Мармутига дӀаелира. Мармутица Пайнехьасан кӀант ЭлиӀазар вара, ткъа цаьрца левихой болу ЮшаӀан кӀант Юзабди а, Бинуйн кӀант НуӀад-ЯхӀу а вара.
Тхан мостагӀий тхо кхеро гӀерташ бара. Царна моьттура: «ЯхӀудхой, куьйгаш гӀел а делла, болх бечуьра совцур бу, цундела пен бина а бер бац». Амма аса сайн доӀанна тӀехь доьхура: «ЧӀагӀдехьа сан куьйгаш!» – бохуш.
Д еза а, исбаьхьа а Цуьнан гӀуллакхаш ду, ерриг а Цуьнан нийсо гуттаренна а лаьтташ ю.
Мусас шайга ма-аллара, мисархошка дато а, дашо а хӀуманаш а, бедарш а йийхира цара.
Везачу Эло мисархой исраилхошца дика хилийтинера, цара исраилхошна дукха хӀуманаш елира.
Андде шайн кӀадделла куьйгаш, чӀагӀъе шайн егош йолу голаш.
ХӀораммо а шен даго боххучул ло, дохко а ца волуш, дала деза аьлла а ца луш. ХӀунда аьлча самукъане а волуш луш верг Далла веза.